Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин Правительствон декъашхойн рогIера кхеташо. Иза дIахьош вара Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар. Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.
Цигахь йийцаре ян юкъайиллинера 11 сацаман проект. Коьртачу декъана уьш тIехьовсийна яра дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарна а, бахархойн социальни гIолацарна а. Иштта, правительствон декъашхоша йийцаре йира «Нохчийн Республикехь юьртан бахаман коопераци кхиорна гранташ яларан Къепе чIагIъяран хьокъехь» болчу сацаман проект. Документ кечдина «2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь юьртан бахам кхиоран а, юьртан бахаман сурсатийн а, кхачанан сурсатийн а рынкашкара хьал тодаран а», пачхьалкхан программа, «Бахам лелоран кегийчу кепийн гIолацаран» подпрограмма кхочушъяран гIуллакхаш дIадахьаран гурашкахь юьртан бахаман хьаштахойн кооперативашна гранташ яларан механизм а, хьелаш а билгалдахаран Iалашонца.
Правительствон декъашхоша леррина тидам тIебахийтарца йийцаре йира «Нохчийн Республикехь пачхьалкхан хьашташна кхачоярна закупкаш ярехь авансийн платежаш яран лаккхара барам а, схьадеана долчу хIора товарана (болх кхочушбаран, хьашташ кхочушдаран муьрана) дала догIучу ахчанан лаккхара барам а билгалбаккхаран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон сацаман проект. Оцу сацамца билгалбаккха безаш бу Нохчийн Республикин пачхьалкхан хьашташ кхочушдарна закупкаш ярехь авансийн платежаш яран лаккхара барам.
Кхеташонехь цу тайппана йийцаре йира сацамийн 11 проект. Правительствон декъашхоша царах, къобал а йина, тIаэцнарг 10 проект яра. Цара тIеэцначу проекташна юкъахь яра «Нохчийн Республикехь меттигерчу хьаштийн маьIданийн майданех пайдаэцарна лецензеш кечъяран, царна пачхьалкхан регистраци яран, дIаяларан, кхечунна тIеязъяран Къепе чIагIъяран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон сацаман проект. И сацам кечбина Нохчийн Республикехь меттигерчу маьIнин маьIданийн майданаш пайдаэца дIаяларна лецензи кечъяран, пачхьалкхан регистраци яран, дIаяларан, кхечунна тIеязъяран лехамаш чIагIбархьама.
Йийцаре йинчу проектех цхьаъ тIе ца ийцира правительствон декъашхоша. КхитIе а шена тIехь болх бан езаш лерира иза. Ерриге а проекташ йийцаре ярехь, церан хьокъехь сацам тIеэцарехь жигара дакъалецира республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ
№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо