«Сан дика доттагI»

Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь «Сан дика доттагI» цIе йолу цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иза дIахьош яра библиотекарь Хасанова Эсет. Цигахь дакъалецира берийн библиотекин жигарчу ешархоша.

IMG-20160805-WA0006

Уггаре а хьалха библиотекара берашна дийцира, доттагIалла хIораннан а дахарехь коьртачех цхьа дакъа хилла дIахIуттуш хиларх а, адамаша вовшашца гергарло лелор массо а заманахь хаза хиларх а лаьцна. «Шун кхетамехь доттагIалла бохург хIун ду?» – аьлла, хаттар дира цо ешархошка. Оцу хаттарна жоп дала луурш кIезиг бацара. Цхьатерра куьйгаш айбира берриге а ешархоша. Оцу хьокъехь цхьанна-шинна хетачуьнга ладоьгIна ца Iаш, хIора а ешархочун жоьпе ладуьйгIира Эсета. Церан жоьпашка хьаьжча гуш дара, ханна кегий белахь а, «доттагIалла» бохучу дешан маьIна царна дика девзаш хилар.

Цул тIаьхьа библиотекара доттагIаллех лаьцна кицанаш а, аларш а, хIетал-металш а далийра берашна. ДоттагIалла лелорехь лардан дезачу гIиллакхех дийцира берашна. ГIарабевлла бевзачу культурин, искусствон, къинхьегаман, Iилманан наха лелийначу цIеначу гергарлонех лаьцна а дийцира шайн масалашкахь. Иштта, психологин тренинг а йира. Иза масех декъах лаьтташ яра: «Познай себя», «Поддержка», «Активное слушание». Оцу цхьаьнакхетарах боккха пайда хилира ешархошна.

З.ЛОРСАНОВА

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: