Дахаре кхойкху серло

2014-чу шеран 5-чу августехь дуьненан юкъаралло шуьйра даздира светофоран 100 шо кхачар. Тахана цуьнан мехалла юста вайна бустам карор бац. Адамийн дахарехь ца хилча ца йолу коьчал хилла дIахIоьттина иза. Дукха хан ю вайн дахарна гIаролехь светофор лаьтта, шен кхочучу ницкъаца зенах, зуламах адам лардеш. ХIинца-м цхьамма а ойла ца йо светофорах болучу пайданан. Вай доьлла цунах. Наггахь цо лерринчу серлонца «орца дахар» тидаме ца оьцу. Баьццарчу серлонца некъ маьрша хилар хоуьйту цо. Можа чиркх хьалалатабой: собарде сих ма ло, некъахьовзамна герга ву хьо, олу. Ткъа цIен чиркх хьалалетча хIора а хаа декхарийлахь ву ша саца везачу зил тIе кхаьчний. Адаман хьекъало кхоьллина мах боцу беркат ду светофор. Уггаре а хьалха адаман дахар лардеш ю иза. Хаддаза дахаре кхойкху цуьнан серло даима а семачу тидамехь латто Дала хьекъал, собар лойла вайна.

0_a7c0d_32b2d4ca_XXL

Азаллехь дуьйна адам даима новкъахь ду. Ткъа новкъахь волчо некъан бакъенаш ларъян еза. Некъ массеран а юкъара буй хууш. Юьхьанца-м некъашца атта хиллачух тера ду адамашна, бахар-бахкар церан гIаш хиларна. Амма даима Iер-вахаран хьелаш тодан луучу адамо кхидолу дийнаташ санна, говр а караIамайо. Говро хаъал байбо стеган къинхьегам, вахар-варна бегIийлаш кхуллу. Iийса Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьненчу валале ялх эзар шо хьалха караIамийна адамо говр. Юьхьанца дуучунна-молучунна (шура, жижиг, неI) тIе-кога духачунна говр кхобуш хиллехь, тIаьхьо говр дIайожа йолийна, самукъаненна хахка йолийна. Пхи-ялх эзар шо хьалха хиллачу Ассири пачхьалкхан эскар дерриге а дошлойх лаьтташ хилла. И масалш къегина тоьшалла ду адамо говр караIамийна дукха хан хиларан. Ассирел тIаьхьа кхоллаеллачу ширачу Вавилонехь говрех пайдаэцар дикка шорделла. Эскарехь пайдаэцарх тоам ца беш говр йоьжна, ворданаш, гIудалкхаш, салазаш, кхиерш тIех IаьIна цигахь. Ткъа муьлхха а транспорт гулъеллачохь, мел халахеташ делахь а, зенаш ца хуьлуш ца дуьсу. Къаьсттина совдолу и зенаш некъан бакъенаш ца ларъечохь. Иштта аьрха береш дебначух тера ду ширачу Вавилонехь а. Цундела, Iийса Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу валале 1750 шо хьалха, ширачу Вавилонан тIаьххьара паччахь хиллачу Хуммарапис омра до некъан бакъенаш ларъян езаш хилар хIоранна тIедожош. Цул сов, гIалин некъаш жIар довлучохь гIароле шен лай дIахIиттабо цо. ХIора гIаролхочун белша тIехь зIоммIара (коромысло) хилла, дехьа а, сехьа а оьллина цхьацца чилик долуш. Чиликаш чохь мехкадаьтта хилла. МаьркIажа бода къовлабалале цу мехкадаьттанах цIе латош хилла, некъахочунна серло латтийта, ваха-ван атта хилийта. Цундела лору историкаша ширачу Вавилонан паччахь Хуммарапи светофорийн хьостанехь лаьттинарг.

Заманан йохалла кхечу пачхьалкхашкахь а кIезиг ца дина цу тайпа омранаш, некъахошка низаме кхойкхуш, некъан бакъенаш ларъяр тIедожош а. Дукха хан ю Россехь некъан бакъенаш юкъаяьхна а, некъахошка низаме кхойкху а. Россехь дуьххьара некъан низамна сагатдеш ша хилар халкъе дIахаийтинарг Пётр Хьалхарниг ву. 1709-чу шарахь цо арадоккху мехала указ массо а некъахо, гIашло, бере, ворданахь верг вовшашца гIиллакхе хилар тIедожош. Россин императрица хиллачу Елизавета Петровнас 1752-чу шеран 5-чу февралехь арахийцира «Пачхьалкхан урамашкахула дIасалела массо а ворда, гIудалкх, салаз, аьтту агIор яхаезаш хиларан хьокъехь» Указ. 1775-чу шарахь Россин паччахьа Екатерина ШолгIачо дIакхайкхадо некъан бакъенийн хьокъехь ша даьккхичу указехь билгалдоккхура: «Маьршачу наха набъечу, бакъенийн хенахь болх беш волчу ямщикан бакъо яц ца оьшу гIовгIа ян, мохь-цIогIа детта, шок етта. Къаьсттина зуламе лорур ду корта бахочу маларх кхетта иза велахь!» Цул тIаьхьа хиллачу пачхьалкхан куьйгалхоша а шайн тидамехь латтош хилла мехкан некъаш тIера хьал. Некъан низам чIагIдарехь керла законаш даха мало еш ца хилла цара.

151154.b

XIХ-чу бIешарахь машен гучуяларца алсамдала дуьйлало некъаш тIехь хуьлуш долу зенаш. Дуьххьарлерчу машенан тормоз цахилар тидаме эцча кхета мегар ду шен гучуяларца некъан хьовзамаш цо алсамбаьхна хиларх. Бакъду, тормоз йолчу машенаша кIезиг ца боху некъан хьовзамаш. Автоиндустри кхиаро гайтира некъан низам лардан кIорггера ойла йина, керла гечонаш лаха дезаш хилар. Иштта гучуелира дуьххьарлера светофор. Дуьххьара светофор юкъаяьккхинарг Ингалсан пачхьалкхера инженер Джон Пик Найт вара. Иза цIерпошт некъийн инженер вара. Цундела хила а там бу 1868-чу шарахь цо юкъаяьккхина светофор цIерпоштнекъаш тIерачу семафорах тера йогIуш. Джон Пик Найтан светофор газаца хьалалатош яра. Бакъду, цуьнан цIен, баьццара ши босс бен бацара. Делахь а, цу хенахь иза доккха совгIат дара. Дуьххьара Ингалсан пачхьалкхан парламентан гIишлонна хьалха 1868-чу шеран 10-чу декабрехь дIаоьллина, шех пайдаоьцуш цхьана шарахь болх бира дуьххьара юкъаяьллачу светофоро. Амма газа тIехь болх беш йолу Джон Пик Найта йина светофор иккхира, ларамаза улло нисвелла полицейски а вуьйш. Цундела кхин цунах пайдаэца ца лууш, зуламе лерина, иза юкъара дIаяьккхира. Цул тIаьхьа, дикка хан елира светофорах дерг цхьаммо а ца хьахош. 1910-чу шарахь Чикагон вахархочо Сирин Эрнста юкъаяьккхира автоматики тIехь болх беш йолу светофор. Цуьнан а бара ши бос цIен, баьццара. Йоза а хIуттура цунна тIе, саца везар, дIаваха везар хоуьйтуш. Аьзнийн сигнал а яра цуьнца. Делахь а оцу светофоран оьмар а еха ца хилира.1912-чу шарахь США-н вахархочо Вайер Лестера гучуйоккху ша йина дуьххьарлера электроницкъаца болх беш йолу светофор. Цуьнан а бара ши бос. Комиссин талламех чекхйоккхий, 1914-чу шеран 5-чу августехь США-н Кривленд гIалахь некъ жIар болучу меттехь дIауллу Вайер Лестера йиначарах йолу йиъ светофор. Церан балха тIехь урхалла дан полицейски а дIахIоттаво. Цундела хIора шеран 5-гIа авуст Светофоран де ларалуш ду. Цигара схьалерича, баккъал а 2014-чу шеран 5-чу августехь 100 шо кхаьчна светофорах пайдаоьцу. 1920-чу шарахь США-н Детройт, Нью-Йорк гIаланашкахь дуьххьара гучуйовлу кхо бос болу светофораш. Масех шо далале иштта светофораш гучуйовлу Парижехь, Лондонехь, Гамбургехь. Царах ю хIинца а дуьненан массо маьIIехь шех пайдаоьцуш йолу светофораш.

Россехь дуьххьара светофор гучуяьлла 1930-чу шеран 15-чу январехь. Дуьххьара Санкт-Петербургерчу (цу муьрехь Ленинград) Невски, Литейни ши проспект тIеттIа кхочучохь дIаоьллина дара и Iаламат. 1930-чу шеран 30-чу декабрехь Москвахь а дуьххьара гучуевлира светофораш «Петровка» а, «Кузнецкий мост» а урамаш хотталучохь. 1932-чу шарахь дуьйна «Неглинная» урам, «Кузнецкий мост» урамца хотталучу меттехь хилла светофор. СССР-хь светофорашца низам лардан йоьлла кхоалгIа гIала Дона-тIера-Ростов ю. Бакъду, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш чаккхене доьлхуш СССР-н дукхах йолчу гIаланашка дIакхаьчнера светофораш. Царна юкъахь яра вайн республикин коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а. Нохчийчохь тIаьххьара тIемаш лаьттинчу шерашкахь, кхидерг а санна, светофораш а йохийнера. 2005-чу шеран февраль баттахь дара Соьлжа-ГIалахь юха а светофор гучуяьлча. ГIалахошна мерза кхаъ хилла лепара ирсечу дахаре кхойкху цуьнан сирла «бIаьргаш». Тахана-м Соьлжа-ГIалахь 130 светофор ю. Ерриге а Нохчийн Республикехь – 269. Маьрша лепийла уьш, маьршачу Нохчийчохь!

А.ГАЗИЕВА

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: