Бехаш буй?
ЙоI маре йохуьйтуш хилла БаIис. Захало тIедеанарш кхечу юьртара хиларна, кхунна бевзаш ца хилла. Уьш бовза лууш, церан юьртарчу Iаббазе хIокхо хаьттийна.
– Дийцахьа, бехаш буй и нах?
– Бу, хьо ваха, дукха бехаш-м. Ахь вуьйцучу кIентан деда 130 шарахь ваьхна, цуьнан да 125 шарахь ваьхна…
– Ас и ца хоьтту. Уьш хьал-бахам болуш, яа сискал йолуш нах буй хоьтту.
– ДIавалахьа, яа сискал хилча-м уьш цкъа а лийр а бацара, – аьлла Iаббаза.
Юьрте дуй боуьйтуш ву
– БаIис, хьо хIун деш ву, массеран а керта хIуьттуш схьавогIуш ма ву хьо? – хаьттина Къуддаза.
– Дера ву хIокху юьрте дуй боуьйтуш – Вай, ахь хIун дуьйцу? Хьо хьераваьлла. Юьрте дуй муха боуьй- ту?
– Хьажал хьо, – аьлла БаIиса, – суна тIаьхьа а хIоттий,тIаккха хуур ду хьуна. Шена дуьхьал мел кхеттачуьнга а, ша керта мел ваханчуьнга а ахча доьхуш хилла БаIиса «ВаллахI, БиллахI дац соьгахь ахча» дуй бууш хилла массара а.
– Иштта боуьйту-кх къера дуй, – аьлла БаIиса шен накъосте.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо