Шелковски кIоштарчу Оьрза-ГIалин Культурин цIийнехь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан къоман театран актераша Ахмадова Хьавас хIоттийна йолу «Дахаран урчакх» спектакль гайтира. Спектакль дIаяьлча «Коррупцина дуьхьал бахьанаш» аьллачу темина лерина къамел хилира. Спектаклан масалшца дустуш, актераша дийцира адамашца дахарехь нислуш йолу харцонаш, хьарамлонаш бекхам боцуш цайисарх лаьцна. Нахана дина дика а, вуон а карош хиларх лаьцна дара оцу къамелан маьIна. Чулацаме, пайдехь долу къамел некъан боламан бакъенаш ларъян езаш хиларх дерг карла а доккхуш, дерзийра.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь терроризмана а, коррупцина а профилактика яран белхан жоьпалла долу Асуев Ахьмад а, Сайдаева Амира а.
А.Сайдаевас дийцира коррупцин некъех лаьцна. Белхан даржах, меттигех бахьана дой, нахера хьарам ахчанаш дахарх, нахе харцонаш кхийдаярх а дийцира цара. Зуламе гIуллакх деш верг саца цавар а, цунна тIетовжар а коррупцин декъе вахар ду, элира цо.
Юридически агIор а, бусалба динехь кхаъ баларан а, схьаэцаран а хьокъехь тIедужучу жоьпаллех лаьцна дийцира гулбеллачара. Пачхьалкхана, юкъараллина доккха зулам, иэшам бохьуш ю коррупци, иштта «Коррупцица къийсам латторан хьокъехь» долу Закон а довзийтира. Россин Федераци коррупцин некъехула пачхьалкхан бахамна къоладарехь дуьненахь 109-чу меттехь лаьтташ хиларх а дийцира цигахь.
Хьарам ахча, бахам гулбечеран барам жимлур бу, хьарам ахча, бахам дIалурш берш лахбелча.
Дала ца магош долчо ирсе вина а, юьхькIайчу хIоттийна а цхьа вац дуьненахь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо