Забарш, ца йогIучохь, йойтур яц

Юкъараллин къепе талхош болу нах административни жоьпе озор бу. Иштта хаам бо Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло.

Россерчу МЧС-н белхахойн дуккха а хир ду шайга харц хаамаш беш телефонехула зIене буьйлучу нахах лаьцна дийца. ХIунда аьлча, кIезиг ца хуьлу шайн белархьама цаьрга харц хаам кхоьхьуьйтурш. Царна юкъахь, дукха хьолахь, хуьлу: бераш, психически цамгарш йолу нах, харцхьара лелаш болу кхиазхой, кегийрхой.

Цара деш долу зулам бахьана долуш, техника а, финансаш а юкъаозийна ца Iаш, баккъал а цхьа хьовзам баьлла, гIо оьшучу нахана гIо-орцане кхача новкъарло ян тарло. Цундела, хIинцачул тIаьхьа царна хьакъ доллучу агIор таIзар дийр ду.

Нохчийн Республикерчу экстренни гIуллакхаш кхочушдаран службе телефон тоьхначу абонентийн номерца схьакарор ву харц хаам а, «забар» а йинарг.

Иштта, Россин Федерацин административни бакъо талхоран кодексан 19 статьян 13 пунктехь билгалдаьккхина ма-хиллара, цIеяйаран, полицин, сиха гIодаран медицинин белхахошца я кхечу службашца, харц хаам бина, зIене бевллачарна административни таIзар дийр ду (гIуда тухур ду) кхул тIаьхьа.

Хь.БАХТАЕВА

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: