Нохчийн меттан хьехархо

GE DIGITAL CAMERA

Стохка дIаяьхьначу «Нохчийн меттан хьехархо-2013» республикин конкурсехь толамхо яра ТIехьа-Мартан районерчу №9 йолчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан, литературин хьехархо Осмаева Хадишт. Цул сов, оццу  шарахь ноябрехь  Москвахь  дІаяхьначу  «Ерригроссин  ненан  меттанийн а, оьрсийн меттан а  мастер–классехь» а толам  баьккхира  цо. Нохчийн мотт хьоьхуш а, цуьнан сий-ларам айбан таро йолчу конкурсашкахь нохчийн хьехархоша дакъалоцуш а юьхькIам хиларал сов, дозалла хета, ишттачу меттанашкахь туолам охIла болу хьехархой вайн хилар.

Осмин Хьасанан кIентан Хасин йоI Хадишт йина «Мохо бецан чам хьоькхучу арахь йоьгIначу, малхо бIаьрса къуьйлучу стигала кIелахь Iуьллучу» нохчийн ширачу юьртахь ТIехьа-МартантIехь. Нохчийн меттан а, дахаран а коьрта хьехархо шен деда лору Хадиштас: «ХIуманан кIорггера кхетам а, ира хьекъал а долу дела дукхавезара иза тхуна хьовха, нахана а, – дагалоьцу цо. – Стаг зуьйш Iедал дара цуьнан. Сайн дахарехь дуьххьара «экзамен» Дадина яла дийзира сан. 10-е шо хир дара сан, стоьла хьалха хIума кхоллуш Iачу цо, «схьайола, пурхнехьа бепиг хададе суна», – аьлча. «Пурхнехьа» бохучу дешан маьIна схьалаццал кхетам бацахь а, цунна хьалхара дохалла хадийначу бепиге хьаьжча, и иштта хадо ца дезийла хиира суна. Ас хадийначу бепиге хьаьжна, реза хиларца корта таIийра Дадас. ХIинца кхета со, и бепиг мухха а хадийна хиларх бен дацара, сан ненан маттах долу хаарш зуьйш вара иза».

1996-чу шарахь ТIехьа-Мартан №1 йолу  школа дато мидалца чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIалин университете филологин факультете деша яхара йоI. Оццу шарахь ша дешначу школехь хьехархочун болх бан а йолаелира иза. «Атта карабирзира суна болх, – дагалоьцу Хадиштас, – суна и даггара безабалар хир дара иза. Сан коьрта Iалашо яра берийн ненан матте безам кхоллар, иза чIагIбар, гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь уьш кхетош-кхиор. Суна и хала а дацара, жималлехь сан дедас марзбинера суна нохчийн мотт а, адамашна юккъехь лело деза гIиллакхаш а. Вуьшта, тхан девежарша, тхо, бераш, гуонаха а гулдой, чиркх латабой, хьалхалерчу заманан сурт хIоттадой, туьйранаш дуьйцура тхуна. Суна цкъа а ца йицло и хаза суьйренаш. Оцу туьйранашна тIера дIадолало аьлла хета суна шен да, нана, дехой, ненахой, цул тIаьхьа, лулахой, юьртахой, махкахой ларар, къоман матте болу безам кхиор а, дайн гIиллакхаш а, Iадаташ довзар а, Даймохк безар а».

Хууш ма-хиллара, школехь нохчийн мотт а, литература а Iамор доккхачу маьIнин гIуллакх ду. Цо гIо до берашна шайн къоман ламасташ а, гIиллакх-оьздангаллин некъаш а, амалш а йовза. Меттан исбаьхьаллин таро ю  Даймехкан Iалам а, цуьнан дIадаьлларг а, дерг а довза. Цхьа а шеко яц, шен къоман культура а, ненан мотт а хууш верг ийманехь, гIиллакхехь хилар. Цу тIе доьгIна дуьйцу Хадиштас:

20131126_165814

– Шайн ненан мотт а, къоман гIиллакхаш а, ламасташ а девзаш а, церан гурашкахь  кхиийна а долу бераш лараме хуьлу деца-ненаца, баккхийчаьрца, хьехархошца, накъосташца. Цара дозалла до шаьш нохчийн къомах хиларх, девза шайн дайн орамаш, церан лерам хуьлу кхечу къоман векалшца а. Шаьш бинчу юьрте а, боккхачу Даймахке а, дуьнене а патриотизман ойла хуьлу цаьргахь. Сайн дешархошна ненан мотт марзбар, иза кхачам боллуш Iамор лору ас сайн белхан коьрта Iалашо а. Ненан маттехула мах хадалур бу цаьрга кхечу къаьмнийн культурин а.

Шен урокашкахь алссам мохкбовзаран а, къоман культура йовзаран а, мукъамийн (музыкин) а материалех пайдаоьцу Хадиштас.

«Хадиштин урок яларан коьрта кеп  ловзаран технологи ю, – дуьйцу ТIехьа-Мартан дешаран декъан нохчийн меттан говзанчас Архиева Айманис. – Юккъерчу классашкахь сюжетан а, тардаран а, лакхарчу классашкахь гIуллакхан а, ролийн а ловзарийн кеп лелайо цо. Ишттачу урокаша гIо до бераш психологин агIор кечдан а, къамелан кепаш харжарехь зеделларг гулдан а. Ловзаран кепехула таро хуьлу кхоллараллин дешаран хаарш IаIон а. Дешар Iаморан лаам, Iалашо берашкахь кхолларо царна гIо до керланиг довза, тIаккха хуьлу церан дешарехь кхиамаш. Муьлххачу а темех урок хиларх Хадиштина хаарш а, лаам а тоьа иза кхоллараллин агIонца кечъян а, дIаяхьа а, цундела бу цуьнан иштта бIаьрла кхиамаш».

Айманис дийцарехь, иштта шен балхана чу садиллина хиларо гIо дира Хадиштина дIадаханчу шеран ноябрехь Москвахь дIаяьхьначу «Ерригроссин ненан меттанийн а, оьрсийн меттан а мастер-классехь» дакъалаца а, толам баккха а.

Заочни этапехь материал чуеллачу 60 хьехархочух 24 чекхваьллера. Царна юккъехь нисъелира Хадишта а. Шена цкъа а гина а, бевзаш а цахиларал сов, Москварчу шахьаран школерчу берийн гIоьнца йиллина урок яла хаарш тоарал сов, шех бIоболар а оьшуш гIуллакх дара иза. Амма Хадиштас башха урок яларал сов, толам а баьккхира «За оригинальность и новизну методических решений» номинацехь.

Шен хьехархочун балхах лаьцна дийцира 9-чу школин куьйгалхочо Гайсултанова Яхас а:

– Хадишта кхоллараллин хьехархо а, жигара вовшахтохархо а ю. Цо куьйгалла дечу 8-чу классехь доьшуш 22 дешархо ву. Царах цхьа а юьстах ца вуьсу школехь дIахьочу цхьанна а мероприятина. Ткъа Нохчийн меттан де даздарехь, хIетте а, хьалхара хуьлу уьш. Шен дешархошна ненан маттах кIорггера хаарш даларал сов, цо уьш Iамабо да-нана деза, шайн накъостий, лулахой, махкахой лара, шайн меттан сий дан. Районехь бечу юкъараллин вовшахтохараллин балхахь а дакъалоцу цо а, цуьнан дешархоша а. Кхоллараллин похIма долуш хьехархо ю Хадишта.

Кхетош-кхиоран некъа тIехь а тайп-тайпана белхаш бо Осмаевас. Къоман культура йовзийтар Iалашо йолуш зIе латтайо Нохчийн къоман драматически театраца. Йовзуьйту берашна дахаран мехаллаш. «ХIора стагана хаа деза ша схьаваьлла меттиг мичахь ю, шен дай муьлш бу. Довза деза шен дIадаьлларг а, цунах пайда а оьцуш, шен хиндолчун да хIотта хаа а деза. Иштта бен ларлур яц вайга вайн къоман кхане», – тешна ю Хадишт.

Шен белхан кхиамаш хилар а, шен дахаран новкъахь а, балха тIехь а дика адамаш дукха хиларна ду аьлла хета цунна. Цу тIедоьгIна боху цо: – Мел кIезиг гIуллакх делахь а, юкъараллин балхахь долу гIуллакх стаге шен хьекъалца, корматаллица шега цхьаьнга далуш дац. Массо а хIуманна охIла ца хуьлу ша цхьа стаг. Цундела цунна гIо-накъосталла оьшу кхечаьргара. Масала, сайн толамийн гIоьнчаш лору ас уггаре а хьалха сайн гергара нах – да-нана, йиш-ваша, йоI Радима. Сан ондда гIортор – школин куьйгалхо Гайсултанова Яха, белхан накъостий, сан дешархой. Сан толам бекъа догIу суна дашца, хьехарца, хааршца яхарца-ярца гIо диначу районан дешаран декъан методкабинетан куьйгалхочуьнца Архиева Айманица. Даггара баркаллин дешнаш ала лаьа суна «Вайнах» телевиденин белхахошна, церан куьйгалхочунна Ельсаев Iаламахьадна: «Мехкан сий айдан йоьдучу йоIана тхайга далун гIо-накъосталла ца даллал ледара а дац тхо», – аьлла, сан «самопрезентаци» йоккхуш, тоеш шина дийнахь къахьийгира цара. Оцу гIуллакхна суна башха дешнаш яздира Петирова ПетIамата, сан урок йоккхуш, цунна монтаж еш къахьийгира оператора Дадаев Асламбека. Ткъа сан уггаре а коьрта гIоьнчаш – сан дешархой, уьш дукхабезар билгалден дешнаш карийн дац суна. Царна а со иштта езийла хаьа суна. Дела реза хуьлда царна массарна а. Со тешна яра уьш сан толаме сатуьйсуш хиларан, цундела сайн толам хиларх тешна ю со.                                                                                     Хьехархочун даржехь ша йолу 18 шо доллушехь, дуьххьарчу дийнахь санна, юх-юха ойла еш, массо а дош узуш, луьттуш, даржош, гулдеш, баккъал а шен ойланехь чIагIделларг бен дIа ца олуш амал ю Хадиштин. Воккханиг-м кхета а там бу, ткъа берашна хала ду тахана цхьаъ, кхана кхин дуьйцучух кхета, цундела, юх-юха а дагах кхетар долчу агIор бен ца дуьйцу цо. Цуьнан дахаран масал хилла лаьтта бакъдуьненчу дIабахана боллушехь цуьнан деда, денана. Хазахета цунна царах лаьцна дуьйцуш а:                                                                                                                                                    Тхан денана хилла хаза а, доьналла долуш а стаг. Сан 6 шо долуш кхелхина иза (Дала гечдойла цунна), делахь а, суна дика дагабогIу цуьнан беркатечу куьйгаша кечбеш хилла кхача. Мама евзачара хIинца а олу: «Дика стаг яра хьан денана, хьаша-да везаш а, кхача мерза кечбеш а яра и…». Со а хьожу цо санна кхача мерза кечбан а, хьаша, вайн гIиллакхаша  ма-хьоьхху, даггара тIеэца а. Кхачано латтош ма ю адамашна юккъера марзо, цхьана шуьне ца хуу ши ваша а херволу, тIаккха гергарло а долу гена. Ас хаддаза дуьйцу сайн дешархошна адамашна юккъерчу уьйранех а, гIиллакхех а лаьцна. Цара цунах пайдаэцар, цаэцар замано гойтур ду, делахь а, со тешна ю, ненан маттахь дайн хазачу гIиллакхех дийцинарг эрна дан йиш яц, коьртаниг, кIорда а ца деш и дийцар ду!

Вай кхечу къаьмнех схьакъастош дерг, уггаре а хьалха, вайн мотт бу, цул тIаьхьа вайн Iадаташ, хаза гIиллакхаш: жимачо воккханиг ларар, воккхачо жимачунна кхетам балар, вовшашна гIо эшначохь гIолацар и. дI. кх.

Деккъа йоза-дешар дешархошна хьехарх,церан кхетам шорлур бац, хьехархочо нанна а, ненан маттана а, халкъана а, Даймахкана а юккъера уьйр ца гайтахь, цул деза хIума доцийла ца хаийтахь.

Нана, мотт, къам  Даймохк – и ю-кх хадо йиш йоцу зIе…

ТIаьхьарчу хенахь зама сиха йоьду олу вай, зама яц сиханиг, вайн шераш ду, пIелгаш юккъехула хи санна, чехка дIаоьхурш. Жима волуш тидамза дуьсу хIуманаш, хан дIа мел ели, дагардан волало хьо хьайн дахаран хIора де а, кIира а, бутт  а,цундела хета и зама сиха йоьдуш санна. Айхьа даза диснарг, хьайна газа дисинарг дагахь доллу. Соьга хаьттича, ахь хьайн дахарехь стагана вон болх ца бинехь, хьайга далун дика ахь дуьненчохь даржийнехь, хьан дIаихначу шерийн беза мах бу-кх! Ткъа хьайгахь долу Iилма а, кхетам а, гIиллакх а ахь кхоччуш тIекхуьучу тIаьхьенна дIаделлехь, хьан шерийн мах бан а бац!

БIаьстенан мелачу мохо хIаваэ даржош долу дитташ тIера заза санна, ахь кхиийначу чкъуоро даржор ду ахь дIаделларг дуьнене!

Схьахетарехь, Хадиштин ойланаш т1еюза оьшуш х1умма а дац. Бакъдерг аьлча, дозалла-м ду, иштта ненан меттан хьехархой вайн болуш.

 Т.САРАЛИЕВА                                   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: