ГIаланаш а, ярташ а саьлнашкара гIиттош…

2001-чу шарна юккъера 2002-чу шарна юккъе кхаччалц йолчу хенахь цIерпоштнекъаца Нохчийчу тайп-тайпана киранаш дохьуш 15 эзар вагон еара. 2002-чу шеран апрелехь дуьйна дIасалела йолаелира пассажирийн «Гуьмсе – Москва – Гуьмсе» цIерпошт. Цул тIаьхьа кIезиг хан яьлча Соьлжа-ГIалара Москва а, цигара юха Соьлжа-ГIала а пассажирийн цIерпошт дIасалела йолаелира.

124032495_aakadyrov2

2001–2002-чуй шерашкахь республикина 300 гергга автобус а, микроавтобус а елира. Юха а 180 маршрутехула пассажирийн транспорт дIасалела йолаелира. Керла машенаш, тIаьхьалонан меженаш, ремонтъяран гIирсаш оьцуш 260 миллион соьмана харжаш йира. Пачхьалкхан автопредприятешкахь йолу 500 автобус а, микроавтобус а йоцург, пассажираш дIасабигарна юкъаозийнера ведомствийн а, нехан долахь а йолу автотранспорт.

Нохчийчуьрчу некъийн юкъара йохалла 3 эзар километр яра. Цу юкъахь 120 километр федеральни некъ а бара. Автомобилийн некъашна юкъара ремонтъяр чекхдаьллачул тIаьхьа, 2002-чу шарахь дIадолийра керла некъаш дахкар, тIешна капитальни ремонташ яр. Царах дукхах дерш дохийна дара тIеман езачу техникин зIенаша а, бомбанаш етташ а, яккхий тоьпаш етташ а. Республикин автомобилийн транспортан министерствона федеральни фондашкара 220 пассажирийн автобус а, иттех автокран а, автозаправщик а елира. Республикин автомобильни транспортан бахам когахIотторна 206,5 миллион сом ахча деллера «Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а (2002-чу шарахь а, цул тIаьхьа догIучу шерашкахь а) меттахIоттор» Iалашонан программин гурашкахь.

Иштта хала дара республикин могашалла Iалашъяран инфраструктура меттахIотторан декхар кхочушдан а. ТIемаш хилар бахьанехь ерриге а йохийна яра иза. Нохчийн Республикин социально-экономикин дакъа меттахIотторан Федеральни Iалашонан программица нийса а догIуш, 2002-чу шарахь билгалдеш дара медицинин 105 учреждени тояр. Цу юкъахь 5400 маьнга-меттиг йолу 37 больница, дийнахь 940 стаг тIеоьцу 5 диспансер, 511 маьнга-меттиг йолу бераш даран 2 цIа, дийнахь 3910 стаг тIеоьцу 11 поликлиника, дийнахь 1770 стаг тIеоьцу 23 амбулатори, дийнахь 980 стаг тIеоьцу 14 ФАП а йолуш. Амма шен-шен хенахь финансировани цаярна царах 13 учреждени бен ца тойира. Цу юкъахь яра 790 маьнга-меттиг йолу 8 больница, республикин клиникин больница, республикин гнойно-септикин туш, №2 йолу берийн поликлиника, №1 йолу гIалин больница, медицинин колледж. Могашалла Iалашъярна лартIехь болх барна, финансийн проблемица цхьаьна, новкъарло йора корматаллин белхахой чIогIа кIезиг хиларо. Делахь а, оцу чолхечу хьелашкахь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дерриге а дора адамийн шайн могашаллин гIайгIа бан таро хилийтаран декъехь. Цуьнан дIадолорца республикин мога- шалла Iалашъяран министерствос барт бира мехкан тоьлла йолчу учрежденешкахь Нохчийчуьрчу бахархошна дарбанаш леладайтаран а, церан хьашташ кхочушдайтаран а хьокъехь.

Керла Iедал нийсо еш а, шайн гIайгIа беш а, дохалур доцуш дуй а адамашна хаийтархьама царна гайта дезаш дара шаьш лардеш дуй, шайн хьокъехь беш гIайгIа буй, шайн бакъонаш ларъеш юй, финансийн чIагIонаш юй. Нохчийн кризис сихха дIаяккхарехь социальни политико лелош долу доккха маьIна дукхазза а билгалдоккхура Ахьмад-Хьаьжас.

Ша цIена бусалба стаг хиларе терра Кадыров Ахьмад- Хьаьжас шен коьртачу декхарех цхьаъ лорура гIийла-миска нахана: заьIапхошна, буоберашна, къаношна, къехошна гIодар. ТIемаш болчу хенахь хIаллакйина дIаяьккхинера къин- хьегаман а, социальни кхиоран а министерствон ерриге а архив. Социальни декъан белхахойн иза меттахIоттон дийзира. Церан хьуьнар бахьана долуш, 2002-гIа шо юккъе доьдуш хIора беттан пособи хIоттийра 392 246 берана. Республикин социальни учрежденеша январь, февраль, март, апрель беттанашна берийн пособеш дIаделира, билгалбаьхнера 2003-чу шарахь хIора баттахь пособеш схьаоьцу берш. Оьшуш йолчу ахчанийн харжийн хьесапаш динера. ХIора баттана Нохчийн Республикехь 2003-чу шарахь 360 612 000 сом ахча эша тарлуш дара. Нохчийчоьнан къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствос буоберийн, да я нана йоцчу берийн, заьIап берийн хаамийн банк хIоттийнера «Буобераш», «ЗаьIап бераш», «Верасалла доцчу берашна, кхерсташ лелачу кхиазхошна профилактика яр» федеральни законаш кхочушдарна тIехь беш болх бара. Оцу хенахь къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствон берийн 5 социальни приют а, меженаш лелар ледара долчу берашна лерина социальни реабилитацин республикин туш а яра.

Буоберашна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а лерина йолчу Лаха-Неврерчу социальни приютехь 92 бер дара. И санна йолчу Шеларчу учрежденехь – 35 бер. Цул сов, бераш тIеэца кечйина яра 90 меттигна лерина йолу Аргунера социальни реабилитацин туш, оццул меттигаш йолу Курчалойн-Эвлара социальни приют.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тIедилларца Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствос къаьсттина тидам тIебохуьйтура къаношна а, заьIапхошна а леринчу цIеношна-интернаташна, заьIап берашна а, кхиазхошна а леринчу социальни приюташна. Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIотторан федеральни Iалашонан программица 2001-чу шарахь социальни хьашташ кхочушдаран 13 объект меттахIоттон а, тоян а билгалдеш дара. Оцу гIуллакхна къастон леринарг 35 миллион соьман барамехь ахчанан харжаш яра. Царна юкъахь 12,12 миллион сом – стационарни объекташна, 22,1 миллион сом – стационарни йоцчу учрежденешна. Нохчийчоьнан социальни учрежденеша, «Россин Федерацин заьIапхой социальни ларбаран хьокъехь» долчу Россин Федерацин №181 йолчу федеральни законан а, «Политикин таIзарш лайначарна реабилитаци яран хьокъехь» долчу Россин Федерацин №1761 йолчу федеральни законан а лехамашца нийса а догIуш, дIабаьхьира заьIапхошна реабилитаци яран а, социальни интеграци яран а болх. Оцу категорех болчу гражданашна тайп-тайпана социальни гIо дира цхьацца гIоленаш ярца а, юкъараллин транспорта тIехь мах ца луш дIасаваха бакъо лун талонаш яларца а, маьхза кхача баа талонаш яларца а, кхечуьнца а.

Республика политикин синтеме хилийтаран, экономика кхиоран лардан соне буьллу тIулг лорура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дешаран система. Республикин ханна йолчу администрацин куьйгалхочун дарже ша дIа ма хIоттийна, цо арадаьккхира Нохчийн Республикин дешаран министерствон белхан хьокъехь долу указ. Цу тIехь билгалдеш дара Нохчийн Республикин дешаран система дерриге а тIегIанашкахь меттахIотторна, цуьнга болх байтарна кхачоярна а правовой, экономикин, вовшахтохараллин, методикин хьелаш кхоллар а, республикин бахархошна конституцис деша луш йолу бакъо кхочушъярна кхачояр а.

Республикин дешаран министерствос дешаран учрежденешкара хьал толлуш мониторинг дIаяьхьира. Цуьнан жамIашна тIе а тийжаш кечйира «Нохчийчоьнан дешаран министерствон хьолан а, проблемийн а, кхиоран таронийн а хьокъехь» йолу доклад. И доклад Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Россин Федерацин дешаран министерствехь йира. Нохчийчоьнан дешаран система Iаламат ледарчу хьолехь яра. Республикерчу юкъарадешаран юккъерчу 439 школах 39 школа йохийна дIаяьккхина яра, меттахIотталур йолуш яцара. 231 школа яккхий реконструкцеш ян езаш яра. 50 школа капитальни ремонт ян езаш яра, 57 школа дукха йохийна яцара, 60 школа тIехулара а, чуьра а кIеззиг тоян езаш яра. 3 школа бен яцара болх дIаболон мегар долчу хьолехь.

ТIемаш хилар бахьана долуш Нохчийчуьра дешаран заведенеш юьззина я юкъкара йохийна яра. Йохийна дIаяьхнера 10 процент школаш, дешаран дукхах йолу учрежденеш 40–60 процентана йохийна яра. Оьшуш долчуьнга хьаьжча, материально-техникин кхачояр 10–20 процент бен дацара.

Россин дешаран министерствон 2000-чу шеран 25-чу февралехьлерчу №616 йолчу Омрица тIечIагIйинчу Россин дешаран министерствон гIуллакхийн Программица нийса а догIуш, Нохчийн Республикин дешаран система меттахIотторан Программа хIоттийра. Цунна юкъаяхийтира 160 школа, 3 ВУЗ, 1 техникум, ерриге а профтехучилищеш. Программица иштта билгалдаьхнера дешар кхиоран коьрта некъаш: дешаран системина модернизаци яр; хьехархойн, дешаран министерствон урхалла даран аппартан а, дешаран кIоштийн отделийн а белхахойн корматалла лакхаяккхар; дешаран системехь хаамийн-коммуникативни технологеш кхоллар; дешаран учрежденешна материально-техникин, методологин кхачояр. Нохчийчоьнан дешаран система меттахIотторна 2000-чу шарахь къастийнарг 412,76 миллион сом дара.

2001-чу шарахь школе даха хан йолуш 211 315 бер дара республикехь. Дешаран системехь болх беш яра юкъарадешаран 454 а, школин хьалхара 16 а учреждени, юьхьанцарчу корматаллин дешаран 12 а, юккъерчу корматаллин дешаран 6 а, корматаллин лаккхарчу дешаран 3 а учреждени, 4 школа-интернат. Цигахь доьшуш 220 эзар дешархо, болх беш 20 эзар сов хьехархо, техникин белхахо вара.

Нохчийн Республикин дешаран система меттахIотторан гIуллакхашкахула йолчу Россин дешаран министерствон комиссин кхеташо хилира 2001-чу шеран 8-чу февралехь. Цигахь дийцаре дира «Нохчийн Республикехь юьхьанцара корматаллин дешаран учрежденеш меттахIитторан хьолан а, гIуллакхийн а хьокъехь» долу гIуллакх. 2001-чу шеран май баттахь араделира «Нохчийн Республикехь юьхьанцара корматаллин дешаран учрежденеш меттахIитторан хьолан а, гIуллакхийн а хьокъехь» долу №763 йолу Россин Федерацин дешаран министерствон Омра. Цу тIехь республикин дешаран министерствона тIедуьллура юьхьанцара корматаллин дешаран система кхиорехь дан оьшуш долу гIуллакхаш дар; 2001–2002-чуй дешаран шарна юьхьанцара корматаллин дешаран учрежденеш кечъяран план-гIуллакхаш 2001-чу шеран 15-гIа март кхачале, кеч а дина, Россин дешаран министерстве дIадахкийтар; юьхьанцара корматаллин дешаран учрежденийн филиалашкахь кечъечу кадрийн корматаллин перечень 2001-чу шеран 1-ра май кхачале кечъяр; 2001-чу шеран 20-гIа апрель кхачале Ростовн областан а, Ставрополан крайн а юкъарчу а, корматаллин а дешаран министерствошца цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь барташ бар.

Оцу омрица иштта Нохчийн Республикин юьхьанцарчу корматаллин дешаран учрежденийн директоршна тIедуьллуш дара карарчу шарна федеральни бюджетера къастош йолчу финансийн ерриге а харжех буьззинчу барамехь Iалашонца пайдаэцар; инженерно-хьехаран белхахойн корматалла лакхаяккхар вовшахтохарна кхачояр; кхузаманан дешаран а, дешаран-методикин а литературица библиотекийн фондаш тIеюзарехьа гIуллакхаш дар; Россин кхечу регионашкарчу юьхьанцара корматаллин дешаран учрежденешца цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь барташ бар кхидIа а дIадахьар; корматаллин училищийн (лицейн) балхана финансировани ярна бюджетера доцу хьостанаш лахарехь Iалашонна тIехьажийна болх бар.

Россин Президента В.В.Путина ЮНЕСКО-н Генеральни директорца Контиро Маццуроца 2000-чу шарахь хиллачу цхьаьнакхетарехь барт бира Россин Федерацин дешаран министерствос а, ЮНЕСКО-с а Нохчийн Республикин дешаран система меттахIотторна гIо дарехь юкъара проект хIотторан хьокъехь.

Оцу бартаца нийса а догIуш, вайн мехкан а, дозанал арахьарчу а эксперташа цхьаьна мониторинг йира Нохчийчоьнан дешаран декъехь долчу хьоле хьожуш. Россин Федерацин дешаран министерствос 2002-чу шарахь оцу хьолан мах хадош «Нохчийн Республикехь дешар: хьал а, проблемаш а, меттахIотторан, кхиоран таронаш а» аьлла йолу доклад кечйира. Иза цхьаьна кечйинера Нохчийн Республикин юкъарчу а, корматаллин а дешаран министерствос, Россин дешаран академис, Россин МИД-о, ЮНЕСКО-с. Докладехь билгалдоккхура, дика хийцамаш хилла хилар бIаьрла делахь а, Нохчийн Республикин дешаран системехь дIаяха езаш дукха проблемаш хилар. «Дукхах йолчу дешаран заведенийн корпусаш саьлнашкахь Iоьхкуш ю. Дукхах йолчу школашкахь (283 школах 199-хьа) болх беш яц чоьнаш йохъяран система. Цхьана а школехь яц оьшуш йолу оборудовани, Iаматаш (учебникаш), тоьаш бац корматаллин белхахой. Дешаран системехь хьалхара мехала тIегIа долу школал хьалхара кхетош-кхиоран система ерриге а йохийна ю. 325 учрежденех болх беш ерг 19 бен яц», – бохура докладехь. Иштта докладехь билгалдоккхура Нохчийчохь дешаран система меттахIотторхьама уггаре а хьалха финансировани яран, корматаллин белхахой кечбаран проблемаш дIаяха езаш хилар.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас цхьана презентацехь къамел дечу хенахь тидам тIебахийтира нохчийн бераш чIогIа деша лууш хиларна а, хьехархойн майраллина а. Цо чIагIдина ма-хиллара, тIом уггаре а марсабаьлла дIабоьдучу хенахь а цара дIахьора бераш Iамор. Цунна хетарехь, нохчашна юкъахь боккха бу дешаре, дешначу нахе болу сий-ларам. ХIунда аьлча, уьш бу халкъан хиндерг, республикин хиндерг къастош берш.

Нохчийн Республикехь дешаран система кхиоран мехала бух лорура Кадыров Ахьмад- Хьаьжас Нохчийчоьнан дешаран учрежденеш алсамъяхар, юкъарадешаран керла школаш яр. Церан барам боьзна хила беза уьш дIаюзуш хиларх, школийн башхаллаш алсамъяхарца, корматалла йолу хьехархой кечбарх, школийн материально-техникин бух меттахIотторах.

ДЕЛИМХАНОВ Адам

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: