КIира хьалха Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллехь дIадаьхьира «Тхо терроризмана а, наркоманина а дуьхьал ду» темина лерина цхьаьнакхетар. Юкъараллин оцу проблемашна лерина долу и цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Мемориальни комплексан белхахоша. Терроризмана дуьхьало ечу комиссин а, наркоманица а, наркотикаш йохкар-эцарца къийсам дIабахьаран программин гурашкахь дIахьош дара иза. Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин Iилманан-экспертни отделан куьйгалхочо Р.Баталовас шен докладехь билгалдаьккхира наркомани, наркотикашка марзвалар, могашаллина доккха зен деш, хала цамгар хилар.
– Таханлерчу дийнахь наркотикех долуш долу зен ца хууш наггахь верг а хир вац. Делахь а, оцу хIуманна гергабоьлхурш нисло хIинца а, царна цунах сингаттам а болу, – элира цо.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Сийлаллин Мемориальни комплексан Iилманан белхахочо Викиева Натальяс дийцарехь, пачхьалкхана зулам шайх долуш хиларе хьаьжча, терроризм а, наркомани а цхьатерра ши проблема ю.
– Юкъараллин цхьаболу векалш экстремистски тобанашна юкъаозор дукха хьолахь уьш наркотикех беттабаларна нисло. Иза шатайпа бух хуьлу зуламхойн тобанашна уьш юкъабаха. Шен гражданийн бакъонаш а, маршонаш а талха цаяйтарна тIехь чIагIъелла лаьттачу муьлххачу а пачхьалкхан уггаре а коьрта декхар хила деза кхузаманан оцу дерриге а вуочу гучудийларшна дуьхьал луьра къийсам латтор, – элира Н.Викиевас.
Цхьаьнакхетаран жамIаш деш, терроризмана а, наркоманина а дуьхьал къийсам дIабахьарехь, вовшашца зIенаш а латтош, цхьаьна болх бан барт хилира шина а учрежденин – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Мемориальни комплексан а, Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин а белхахойн. Иштта, цара дийцира оцу балхана шаьш республикера кхийолу организацеш а юкъаозориг хиларх лаьцна.
Билгалдаккха деза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш, республикин Iедалан ерриге а органаша а, юкъараллин организацеша а, республикин бусалбанийн урхалло а терроризмана а, наркоманина а, юкъараллехь гучудуьйлучу кхечу а вуочу хIуманашна а дуьхьал къийсам дIахьош хилар. Цхьацца кхачамбацарш нислахь а, цара шайна тIедехкина декхарш кхочушдеш хиларна а, республикехь кегийрхой кхетош-кхиоран болх лаккхарчу тIегIанехь дIахьош хиларна а тоьшалла ду таханлерчу дийнахь Нохчийн Республика Россин Федерацехь уггаре а кхерамаза а, сиха кхуьуш йогIуш а регион хилар.
I.ТЕРЛОЕВ
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо