Нисса цхьа кIира тоьа адамана хилларг хIинцца долчуьнца дуста а, цул тIаьхьа дикачу я вуочу агIор цецвала а. Иштта хьал хIоьттина республикехь автомобилисташа ягориг санна лелочу газаца (сжиженный газ) а: 11,5–12 соьма тIера 14 соьма тIе хьалабаьлла цуьнан литран мах. Водительша билгалдаккхарехь, газан мах хьалабаларо цхьана а кепара цуьнан дикаллина тIеIаткъам ца бина.
Кхузахь билгалдаккха догIу, карарчу шеран чиллин (февраль) баттахь юьйцучу газан литран мах 15 соьма тIера 12 соьма тIе охьабаьлла хилла хилар.
Водительшна хетарехь, мах иштта сиха а, дукха а хьалабалар вайн республикехь бен хаалуш а, ойла йича, цхьа а бух болуш а дац.
– Газан литран мах хIинца 14 сом бу. Ткъа дIадаханчу кIирнах иза 11,5-12 сом бен бацара. И мах хIун бахьана долуш хьалабаьккхина бу хууш цхьа а вац. Бензинан мах а бац хийцабелла, махкахь цхьа а мехала хIума а ца хилла. Шайна луъург лелош бу-кх и станцеш ерш, – дуьйцу Шинасуьйра-юкъарчу вахархочо Матаев Вахьида.
СоьлжагIалахоша а чIагIдо мах тIекхеттачу ягориган дикалла лахар хилар.
– Цхьа-ши кIира хьалха Соьлжа-ГIалахь меттигерчу Iедало дIакъовлийтира йиъ ГАЗС. ХIинца АГЗС-кахь ягориган дикаллина хилла хийцам а боццушехь, мехаш хьаладаьхна. Таханлерчу дийнахь нах вуьшта а хала бохкуш бу, амма дика-вуоне а, балха а, баха-бахка а дезаро АГЗС-кахь боьхху мах дIа а луш и ягориг ца эцча ца бовлучу хьоле баьхна вайн нах, – элира соьлжагIалахочо Косумов Iимрана.
Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон пресс-службо бинчу хаамца, газан мехаш хьаладовлар республикехь и ягориг латточарах доьзна ду. Ткъа уьш, дукха хьолахь, Аштаркхнера бу.
Амма ерриге а Россерчу а, республикерчу а автомобилисташна кхин а цхьа «совгIат» дина – машен чу хIоттийна газан ягориган гIирс белахь, цунна а керла кехаташ дахар.
– Машен чохь газан ягориган гIирс белахь, хIора а шарахь керл-керла кехаташ дахийта дезар ду бохуш, цхьа эладита лела масех бутт бара. Суна а хетара-кх иза эладита ду аьлла. Амма, стомара бакъонаш ларъяран органийн белхахоша, саца а вина, машен чохь газан ягориган гIирс буй а хьаьвсина, соьга цуьнан кехаташ дийхира. Ас сайна цунах лаьцна хIумма а хууш дацара аьлча, 2016-чу шеран хьалхарчу деношкахь Россин МВД-н ГИБДД-н куьйгалло дина омра ду элира соьга. ЦIахь и гIуллакх листа воьлча хиира суна, и сацам товбецан (сентябрь) баттахь бен ницкъе боьрзуш цахилар, – дийцира Соьлжа-ГIалахь таксистан болх бечу Хусаинов Салмана.
Цунна а, цуьнца лаьтташ хиллачу кхиболчу таксисташна а хетарехь, уггаре а бегIийла дерг – товбецан 1-ра де тIекхачале шайн машенаш чуьра газан ягориган гIирсаш дIабахар ду.
Иза ца дахь, церан, газан ягориган гIирс болчу муьллхачу а автомобилистан а санна, хIора шарахь 12-15 эзар сом охьадилла дезар ду керлачу кехаташна.
И.АДАМОВ
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо