Художественни гимнастикехула спортан мастера, кхузза Россин чемпионкас, Европин чемпионкас, Дуьненаюкъарчу дельфийски ловзарийн толамхочо Кутламбетова Ралинас Соьлжа-ГIалахь схьайиллина «Ак-Барс» спортан гимнастикин туш. Иза вайн пачхьенехь йолчу берийн спортан объектех цхьаъ ю.
Кхаа шарна тIера итт шарна тIекхаччалц хенаш йолуш кIентийн а, йоIарийн а тобанаш ю цигахь. Кхо бIе гергга долчу бераца болх беш бу похIме говзанчаш.
«Могаш а йолуш, кхиаме тIаьхье кхиор ю тхан Iалашо, – бохура Р.Кутламбетовас. – Кхузахь долчу берийн итт шо кхаьчначул тIаьхьа бакъо ю спортан кхин кеп харжа. Гимнастико доккха маьIна леладо бер кхуьучу хенахь. Къона дегI могаш хиларан ерриге а агIонаш, доьналла, иммунитет чIагIъялар, нийса садеIар, и.дI.кх, юкъалоцу сих-сиха занятеш дIаяхьаро».
2016-чу шеран асаран (июнь) баттахь Туьшехь дIадаьхьира спортивни гимнастикехула дуьххьарлера къийсадаларш. Кхиазхойн 2-гIий, 3-гIий разрядаш йолу бераш дара цигахь дакъалоцуш. Суьдахоша дика мах хадийра гимнастикехь хьалхара гIулчаш йохучу спортсменийн. Къоначеран хьуьнарийн мах хадош вара Россин хьакъволу тренер Ильясов Рамиль, Шийртукаев Руслан, Золотарева Ирина, Субботина Анна.
ЖамIаш динчул тIаьхьа вовшахтоьхна спортивни гимнастикехула Нохчийн къоман команда. Россехь дIахьур йолчу чемпионаташкахь Нохчийн Республикин векалш хир бу командин декъашхой.
Туьшан адрес: Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 9. Тел.: 8(938)024-49-72
Л.ДАУТОВА
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо