«Дукхасибате Росси»

ГIезалойн Республикехь дIаболийна Ерригроссин «Дукхасибате Росси» журналистийн IX-чу конкурсехь дакъалаца луучаьргара заявкаш схьаэцаран болх.

Конкурс дIа а кхайкхийна, дIахьош а ю ГIезалойчоьнан зорбанан а, шуьйрачу коммуникацийн а республикин агентство – «Татмедиа».

«2014–2020-чуй шерашкахь ГIезалойчохь къоман политикин пачхьалкхан программа кхочушъяр» пачхьалкхан программица нийса а догIуш дIахьош ю иза. Цуьнан масех мехала Iалашо ю: Россин Федерацехь дехачу халкъийн ламасташ а, Iадаташ а Iалашдар–довзийтар; Россин халкъийн дахарх а, культурех а, ламастех а тоьлашха материалаш язъеш болу журналисташ билгалбахар; этнокультурин кхиаран а, культурин тIаьхьалонийн а гIуллакхаш дийцаре дар; иштта дIа кхин а.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю Россин Федерацерчу муьлххачу а шуьйрачу хаамийн гIирсийн.

Конкурсан толамхошна дипломаш а, ахчанца совгIаташ а лур ду: «Гран-при» – 600 эзар сом; хьалхара меттиг – 120- 150 эзар сом; шолгIа меттиг – 80-100 эзар сом; кхоалгIа меттиг – 50-70 эзар сом.

Конкурсан толамхой къасторан а, царна совгIаташ даран а даздарш дIахьур ду ноябрь баттахь ГIезалойчоьнан пачхьенехь.

Дакъалаца луучаьргара заявкаш схьаоьцур ю 17-гIа октябрь кхаччалц, хIокху адресашца: 420066, ГIезалойн Республика, Казань, Декабристийн ур., 2-гIа цIа, 6-гIа гIат, 7-гIа кабинет (Шуьйрачу хаамийн гIирсийн отдел); e-mail: mnogolikaya2016@mail.ru; тел.: 8(8435)70-31-12 (Конкурсан Положени http://tatmedia.tatarstan.ru сайта тIехь «Конкурсы» агIо тIехь ю).

№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: