Шен болх дIаболийна «Къоначу фермеран школа» проекто

И проект юкъаяьккхина къона чкъор агропромышленни декъана юкъаозоран Iалашонца. Ткъа иза Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, республикин «Vita» туьшаца, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствоца, Нохчийн Республикин Правительствон Жимачу а, юккъерчу а бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетаца, Нохчийн пачхьалкхан университетаца, Нохчийн регионан юкъараллин кегийрхойн «Молодежное содружество» организацица, ФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллица, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиоком- паница цхьаьна вовшахтоьхна гIуллакх ду.

мо-о-ой-фермер-при-таб-етка-проверяя-урожай-44614097

И тайпа проект хиларо дуккха а белхан меттигаш нисйийр ю. Дахаран халачу хьелашкахь бохкучу а, чохь баьхкинчу а кегийрхойн аьтто хир бу агропромышленни декъехь къахьега.

Заявкаш чуяла таро хир ю 18–35 шо кхаччалц хенаш йолчу нехан.

Проект вовшахтоьхначара дийцарехь, дешаран туьшахь жигара болх товбецан (сентябрь) баттахь дIаболор бу. Ткъа карарчу баттахь Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь агробизнесан коьрта некъаш довзуьйтур ду лерринчу курсашкахь. Ткъа эсаран (октябрь) баттахь проектан дакъалацархоша стажировка дIахьур ю ахархойн-фермерийн бахамашкахь. Иштта, хIора дакъалацархочун шен бизнес-проект вовшахтухуш а, царна тIера кхачамбацарш дIадохуш а гIо-накъосталла дийр ду проектан куьйгалхоша.

Проектехь дакъалаца кехаташ товбецан (сентябрь) 10-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур ду, хIокху адресца: Соьлжа-ГIала, Путинан проспект, 4, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон юкъараллица зIенаш латторан отделехь.

ЗIене вала таро хир ю хIокху номерца: 8(8712)22-41-23, факс: 22- 40-52, электронни адрес: kom_chee95@mail.ru

Хь.ДАУДОВА

№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: