Алеппорчу бахархошна гIо дан лерина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо.
Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, ша Россин Федеральни Гуламан Федерацин Кхеташонан Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместителе, лакхахь билгалъяьккхинчу фондан вице-президенте Сабсаби Зиядига Бани Зедан маьршаяьхначу кIошташкахь долу хьал а теллина, цигарчу бахархошна фонде хIун гIо далур ду хьажа аьлла тIедиллина хилар.
«Сабсаби Зияд Хмеймимерчу тIеман базехь йолчу маслаIатан отделерчу Россин векалца цхьаьнакхийтира. Иштта, Алеппорчу губернаторца Марван Улабица динчу къамелехь Нохчийчуьра гIо-орца кхачо лерина хилар хаийтира З.Сабсабис.
Хьалххе бина хиллачу бартаца Алеппохь мухIажаршна схьайиллина дарбадаран туш ю. 38 эзар стеган хьашташ кхочуш далур ду туьшехь. Иштта, террористаша дIалаьцначу гIаланашкарчу студенташна дешаран гIирсаш а оьцур бу Фондо», – яздо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира хьалха Алеппо Шемахь уггаре а кхуьуш йогIуш гIала хилла хилар а, ткъа хIинца, «Иблисан пачхьалкхан» террористаш тIелатар бахьана долуш и гIала хала хан токхуш хилар а. «ГIала аьтта, йохийна, маьршачу нехан чубаха меттиг яц, даа-мала дац, цигахь леш лаьттачу нехан барам цхьанна а хууш бац», – яздина цо.
Хь.БАХТАЕВА
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо