Ураман куц-сибат хийцалур ду

Соьлжа-ГIалин мэрин куьйгалло вайн пачхьенан куц-сибат кхин а хаздеш йолу керла гIишлошъярца цхьаьна боккха тидам тIебохуьйту советийн оьмарехь дина цIенош тодарна, уьш заманан лехамашца а, гIалин юкъарчу суьртаца а догIуш хилийтарна. Оцу Iалашонца дIаяьхьира мэрин рогIера кхеташо а. Цигахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел дечу хенахь Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима билгалдаьккхира Сайхановн цIарахчу урамехь долчу дукха петарш йолчу 18 цIенна капитальни ремонт ян езаш хилар. Цо дийцарехь, оцу урамехула дукха дIасалела Къилбаседа Кавказан регионашкара а, Россин кхечу субъекташкара а богIуш-боьлхуш болу хьеший а, туристаш а. Цундела, вайн коьртачу шахьарара кхидолу цIенош а санна, шайна тIе тидам озош хила деза церан куц-сибаташ а.

kadyrova-pr-t-saykhanova-ul-ploshchad-minutka-tsentralnaya-chast-groznogo

М.Хучиевс аьлла ма-хиллара, дизайнерша кечйинчу проекташа таро лур ю оцу урамерчу дукха гIаьтнаш долчу цIенойн сурт бIаьрг тIехIуттуш дан. Цуьнца цхьаьна, оцу проекташца билгалдеш ду цIеношна гуонахара меттигаш керла синтарш дуьйгIуш, зезагаш кхиош сенъян а, бIаьрла ян а. «Модернизаци яр хьакхалур ду коммунальни инфраструктурин системех а. Кхузахь хIинцале йина 380 метр еха догIанаш даьхкича хи дIадоьдийла. Хьалха йина хилларш ширъеллера. Цул сов, чIогIа догIа деача, канализацин ницкъ ца кхочура дерриге а хи чуоза. Цуьнца цхьаьна хуьйцур ю хи дIадоьду шира биргIанаш. Уьш лелхар бахьана долуш хьалха кест-кеста урамашка хи хьодура. ХIинца йохкуш йолу биргIанаш кхузаманан материалех йина а, лаккхара дикалла йолуш а ю. Уьш, хьалха санна, некъашца йохкур яц, ткъа некъа йистошца, газонашца йохкур ю.

Иштта, оцу урамера дIайохур ю бакъо йоцуш дIахIиттийна йолу рекламийн конструкцеш а, махлелоран комплексаш а», – хаам бина Хучиев Муслима инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Ткъа лакхахь хьахийначу кхеташонехь гIалин мэра тидам тIебахийтира оцу ураман куц талхош йолу ерриге а киоскаш, ларекаш дIаяха езаш хиларна. Цо дийцарехь, церан метта хаза павильонаш хIиттор ю. Уьш йогIуш хир ю гIалин юкъарчу суьртаца. Цуьнца цхьаьна оцу урамехь йолу социйлаш тояр, хазъяр ца даьлла мэран тидамера.

ГIалин кхийолчу меттигашкахь санна Сайхановн цIарахчу урамера некъ кхоччуш тобаран белхаш дIахьош бу Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствера белхалой а, говзанчаш а. Цуьнца доьзна Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима даггара баркалла элира республикин автомо- билийн некъийн министрана Тумхаджиев Абубакарна вайн коьртачу шахьарарчу некъийн дикалла лакхара хилийтарехь хаддаза къахьегарна.

С.ХУСЕЙНОВ

№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: