ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжехь дIакхайкхийна республикин «Тоьлла физически культурин хьехархо-2016» конкурс йолаелла хилар.
Конкурсехь дакъалоцуш ву физически культурин хьехархошна юкъахь кIошташкахь дIабаьхьначу къийсамашкахь тоьлла 16 хьехархо. Хьалхарчу зиэрехь, иза хьаьттан (август) беттан 3-чу дийнахь хилла, шайн белхан зеделлачун презентаци йира конкурсан дакъалацархоша. Цигахь цара дийцира хьехархочун балхах а, балха тIехь шайн хиллачу кхиамех а лаьцна.
ШолгIачу муьрехь физически культура хьехаран методикехула йолчу компьютеран тестах чекхбовла беза уьш, кхоалгIачу муьрехь мастер-класс яла еза.
– Нохчийн Республикехь боккха тидам тIебохуьйту спортана. Цунна физически культурин хьехархой ца бисина юьстаха. Дешаран учрежденешкахь физически культура хьехар тодар, вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье могаш хилар берийн хенахь дуьйна хила дезар хаийтар ю конкурсан Iалашо, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада.
Кхаа муьран жамIаш вовшах а тоьхна билгалбохур бу финалан дакъалацархой.
Финалехь конкурсанташа шайн говзалла гойтур ю диллинчу дарсашкахь.
Л.ИБРАГИМОВА
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо