Республикин цIий доттаран станцин белхахоша деш дерг Iаламат доккха маьIна долуш, вуно мехала гIуллакх ду. ЦIеххьана цIий эшна араваьллачу дархочун гергарчарна иза карор дацара хIорш, мало йоцуш, денна къахьоьгуш бацахьара. ЦIий дIадала лууш верг шайна тIеваллалц ца Iаш, Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу предприятешкахь а, учрежденешкахь а, организацешкахь а цара вовшахтуху цIий схьаэцаран гIуллакх. Цкъа хьалха оцу организацийн куьйгалхошца барт а бой деш ду и гIуллакх.
Иштта, хIокху деношкахь цIий доттаран станцин белхахой махлелоран «Татаев» базин Соьлжа-ГIалахь йолчу филиалехь хилира. Уьш баьхкиний хиъча цIий дIадала лууш 50 гергга стаг велира. Цаьргара цIий схьаэцна ца Iаш, станцин белхахоша бахархошна дийцира цIий дIадаларан мехаллех лаьцна а, Россин Законодательствоца нийса а догIуш, сийлаллин доноршна ечу гIоленех лаьцна а.
Масала, «Россин хьакъволу донор» знак елла волчу стагана (зудчунна) ян йогIуш цхьамогIа гIоленаш ю. Цу юкъа догIу шеран муьлххачу хенахь а, цунна луъучу хенахь болх бечу меттехь цунна отпуск яла езар, могашалла тояран учрежденешка хьалхарчу рогIехь путевкаш ялар, мах (боцуш) ца боккхуш медицинин гIо дар. Сийлаллин донорна хIора шарахь билггалчу барамехь ахча а ду дала дезаш. Цуьнан барамна кест-кеста еш индексаци ю.
ДIадаханчу шеран чаккхенехь Россин Пачхьалкхан Думехь тIеийцира 2015-чу шарна сийлаллин доноршна луш долчу ахчанан барам 11 728 эзар сом чIагIбаран хьокъехь долу закон.
Цунах а, доноршна пайдехь хир долчу кхечунах а лаьцна дийцира станцин белхахоша. И санна долу цхьаьнакхетарш кхул тIаьхьа дIадахьа дагахь бу станцин куьйгалхой а, говзанчаш а. Шеко йоццуш юкъараллина пайдехь гIуллакх ду иза.
Хь.САИДОВ
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо