ХIокху деношкахь «Грозный» НПТРК-хь нохчийн литературина а, нохчийн яздархошна а, церан говзаршна а, книгашна а лерина ток-шоун кепехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а говзарш язъеш болу яздархой а, поэташ а, иштта журналисташ а, библиотекийн белхахой а, къона яздархой а.

Цигахь дийцира XX-чу бIешарахь нохчийн литература кхиаран тIегIанах а, цуьнан коьртачу проблемех а лаьцна. Иштта, гулбеллачара дийцаре дира нохчийн литература кхоллаяларан а, цуьнан кхиаран а, нохчий бохийначуьра 1957-чу шарахь цIабирзинчул тIаьхьа нохчийн литература а, культура а жигара кхиа йолаяларан а, Нохчийчохь хиллачу шина тIамах лаьцна йолчу нохчийн яздархойн а, поэтийн а говзарийн а хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша иштта йийцаре йира, таханлерчу дийнахь къахьоьгуш болчу нохчийн цхьаболчу къоначу яздархойн а, поэтийн а кхолларалла, шайна юкъахь Хабаев ИсмаьIил а, Петирова ПетIамат а, Арсалиева Люба а, Тапалаева Аминат а, кхиберш а хьахош. Царах цхьаболчаьрна дош а делира. Къоначу яздархоша, поэташа а дийцарехь, цара зIенаш латтайо, вовшех дага а бовлу Европин пачхьалкхашкахь – Норвегехь, Бельгехь, кхечанхьа а бехачу цхьаболчу нохчийн яздархошца.
Ток-шоу дIахьош волчу Бачаев Зеламхин хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас а, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин академика Гапуров ШахIруддис а, яздархоша Минкаилов Эльбруса а, Бурчаев Хьаьлима а. Иштта студехь вара нохчийн фольклорист, нохчийн иллеш а, кхийолу барта кхолларалла а зорбане яьккхина волу Мунаев ИсмаьIал а, поэташ Саиев Iумар а, Яричев Iумар а, Мамакаев Эдуард а, Шамсудинов Бувайсар а, Ахматукаев Адам а, къоначу корреспонтийн школин директор Юнусов Хьамзат а, евзаш йолу журналист Газиева Аза а, Нохчийн Республикин Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита а, кхиберш а. Цхьаьнакхетарехь иллеш дIаолуш бара иллиалархой Усманов Iимран а, Хайдаров Майрбек а, эшаршлакхархо Дадашева Тамара а.
Шен къамелехь яздархочо Минкаилов Эльбруса билгалбехира нохчийн литература кхиорна бух биллина болу классикаш, иштта нохчийн къам Казахстанера а, Юкъерчу Азера а цIадирзинчул тIаьхьа нохчийн литера- тура керлачу ницкъашца кхиийнарш. Цо дийцарехь, Россерчу цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша харц сурт хIоттадо нохчех а, нохчийн культурех а.

– Вай литературехула а, культурехула а хоуьйту вай, цара сурт ма-хIоттадарра, акха нах цахилар а, вайн дика гIиллакхаш а, культура а, литература а хилар а. Оцу дерригенна а тIе сиз хьокху ала мегар ду оцу тайпанчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша, вайх лаьцна вуочу агIор цхьа фильм бен ца яккхахь а. Телевиденин аудитори литература йоьшучарел дукха хилар а ду иза, цуьнан бахьана таханлерчу дийнахь нохчийн яздархойн а, поэтийн а книгаш йоьшурш вайн республикехь а, иштта ерриге а Россин пачхьалкхехь а Iаламат кIезиг хилар а ду, – элира Минкаилов Эльбруса.
Э.Минкаиловс билгалдаьккхира, Нохчийчохь романан жанр язъяран говзалле кхаьчнарш тахана нохчийн яздархошлахь дукха цахилар а, иза хала жанр хилар а. Романаш язйинчарах цо хьахийра Ахмадов Муса а, Тагаев Сайд-Хьасан а. Делахь а, цо дийцарехь, шайн маьIница романан тIегIане кхочуш дийцарш ду нохчийн яздархойн, масала, Бексултанов Мусан. Иштта Э.Минкаиловс хьахийра, хьалха нохчийн зударшлахь нохчийн литературехь евзаш цхьа Ахматова Раиса бен ца хиллехь, тахана шаьш зуьйш уьш дуккха а хилар.
Нохчийн Республикин Iилманан Академин академика, профессора Гапуров ШахIруддис, Минкаилов Эльбруса аьлларг тIе а чIагIдеш, хаийтира Нохчийчохь тIаьххьара ши тIом лаьттинчу заман чохь Шелан а, кхийолчу а аренан кIошташкарчу нохчаша Соьлжа-ГIалара дуккха а оьрсийн къомах болу нах шайн доьзалшкахь тIе а оьцуш, царна гIо-накъосталла дина хилар а, иштта меттигаш нохчийн, оьрсийн къаьмнийн юкъаметтигийн исторехь дуккха а хилла хилар а.
– Нохчийн доьзалша бохамах, тIамах кIелхьара бохуш тIеийцира уьш, шайгахь царна кхераме хирг цахиларна царна тешам а луш. Цунах лаьцна хIунда ца дуьйцу те оццу вайх лаьцна харц фильмаш я хаамаш баржош болчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, – элира Ш.Гапуровс.
Ибрагимов Кантас ша вистхуьлуш хьахийра таханлера денош нохчийн литературин «Дашо бIешо» шена хеташ хилар.
– Тахана нохчийн литература кхуьуш ю. ХIора шарахь араюьйлу вайн яздахойн говзарийн керла книгаш. Царна юкъахь ю шаьш зуьйш болчу къоначу яздархойн гуларш а. Суна нохчийн литературин дашо бIешо, цхьаболчара ма-аллара, нохчийн къам дохийначуьра цIадирзинчул тIаьхьа жигара кхиънехь а селханехь ца го. Иза тахана ду, хIунда аьлча тахана цхьа а гураш дац нохчийн литература кхиарна новкъарло еш, тахана вайн республикехь вайн Куьйгалхо а ву, цо деш накъосталла а ду, дерриге а вайн ду вайн республикехь – мотт а, литература а, культура а, – билгалдаьккхира Ибрагимов Кантас.
Яздархочо Бурчаев Хьаьлима бовзийтира нохчийн литературо ша кхоллаеллачхьана дуьйна бина некъ, шен могIарерчу нохчийн яздархойн кхолларалла а. Фольклориста Мунаев ИсмаьIала тидам тIебахийтира, Нохчийчохь арадовлуш долчу газетийн, журналийн балхах лаьцна дуьйцуш передачаш ян езаш хиларна. Цо дийцарехь, оцу декъехь телевиденис беш болу болх кIезиг бу.
– Вайн мотт кхуьуш ца хилча, литература а ца кхуьу. Цундела, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цIена нохчийн мотт а буьйцуш, амма министрашна я кхиболчу хьаькамашна я нохчийн а, я оьрсийн а мотт мегарг бийца хууш а ца хилча, иза лазаме хьал ду, – бохура Мунаев ИсмаьIала.
Нохчийн Республикин Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас билгалдаьккхира нохчийн литературехь берашна лерина говзарш язъеш болу яздархой Iаламат кIезиг хилар. Цо дийцарехь, и тайпа литература цатоаран проблема ю библиотекехь.
– Библиотекин тайп-тайпанчу яздархойн тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина литература йоьшуш аудитори ю. Нохчийн литературах дерг аьлча, кхузахь Айдамиров Абузаран а, Бексултанов Мусан а говзарш алсам йоьшу. Бакъду, тхан библиотеке догIурш дукха хьолахь бераш ду. Царна еша литература чIогIа кIезиг ю библиотекехь, – элира Исраилова Сацитас.
Иштта, цхьаьнакхетарехь чулацаме къамелаш дира журналиста А.Газиевас, поэташа I.Саиевс, I.Яричевс, кхечара. Бакъду, кхета хало цхьа хIума дара ток-шоухь: нохчийн литературех долу къамел оьрсийн маттахь дара. И мехала къамел ненан маттахь динехь, цунах пайда алссам хир бара аьлла хета.
Ток-шоун дакъалацархошца видеозIене велира Норвегехь Iаш волу нохчийн яздархо Элдин Микаил. Цо дийцира Европехь болчу нохчийн яздархойн кхиамех а, церан проблемех а лаьцна.
Цхьаьнакхетар дерзош, гулбеллачара винчу денца декъалвира, дукха хан йоццуш вина Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель, поэт, республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар.
I.МУРТАЗОВ
№89, шинара, хьаьттан (август) беттан 9-гIа де, 2016 шо