Мерза кхаъ кхаьчна кху деношкахь Рязанера. Вайн махкахочун Баталов Рамзанан хьанала къинхьегам тидаме эцна, цунна «Россин агропромышленни комплексан сийлаллин белхахо» Сийлахь цIе тилларца деза совгIат дина Iедало. Рязанин областерчу Сасово кIоштан Администрацина куьйгаллехь волчу Макаров Сергейс бира и хаам, кху деношкахь хиллачу шайн рогIерачу кхеташонехь.
Дукха хан ю Баталов Рамзан Рязанехь Iаш волу. Схьавалар Хьалха-Мартан кIоштарчу Таьнги-Чуьра ду цуьнан. Цигахь вина а, хьалакхиъна а ву иза. 1978-чу шарахь, кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина, эскарехь гIуллакх дан вахара. Эскарера цIавирзича, 1981-чу шарахь Каунасерчу милицин школе деша вахара. 1983-чу шарахь кхиамца и школа чекхъяьккхина Баталов Рамзан балха хьажаво Рязане. Сасово кIоштан милицехь уголовни розыскан отделан инспекторан даржера дIаболабо вайн махкахочо шен къинхьегаман некъ. Амма юьртахь хьалакхиъначу жимачу стеган даго тIеоьцуш бацара милцочун болх. Цуьнан ойла хаддаза юьртан бахамах хьерчаш яра. Халкъана, махкана цигахь шега пайда алсам балур болуш санна хетара цунна даима. Шен сица, цIийца вуьззина нохчи волчу Рамзанна дика хаьара, вайн оьздачу дайша а лаьттаца къахьегар даима беркате лийриний. Бераллехь дуьйна самукъадолуш вара иза зIийдиг тесначу ялтех, заза хецначу диттех, баьццарчу кузах тарлой бIаьстенца юкълучу цанах. Заманан йохалла дIа ца елира цаьрца йолу марзо. Мелхо а, хан мел ели лаьтто дIавоьхура иза. Цуьнан куьйгаш хьаьгна дара лаьттаца болчу къинхьегамах. Эххар а 1988-чу шарахь кхочушхилира Баталов Рамзанан сатийсам. Цуьнга болх кховдийра Сасово кIоштан юьртан бахаман урхаллехь. Вайн махкахо «Лейный» совхозе директоран заместителан балха хьажийра. Хетарехь, иза уггаре а ирсе де ду цуьнан дахарехь. Цул тIаьхьа 28 шо хан дIаяьлла. Царах 18 шо сов хенахь «Прогресс» цIе йолчу бахаман куьйгаллехь ву Баталов Рамзан. Амма цIенна гена ваьллера аьлла, Рамзана цкъа а диц ца дина ша нохчи хилар а, схьаваьллачу къоман юьхь ларъян ша декхарийлахь хилар а. Уггаре а халачу хенахь а адамашца мегаш, тарлуш, нийсонна тIе гIерташ чекхваьлла иза шен дахарехь. Сасово кIоштахь тоьллачарах цхьаъ лоруш бу цо куьйгалла ден бахам. ДогIа дагIахь а, малхо кха даттахь а иза къинхьегаман хьаьттахь хилла хIора дийнахь. Цундела даима белхан гайтамаш хилла массарна юьхькIам болуш. 2015-чу шарахь Баталов Рамзана куьйгалла дечу бахаман аренашлелорхоша хIора гектара тIера 48, 3 центнер ялта чуийцира. 2015-чу шарахь берриге а бахамо чуэцнарг 2015-чу шарахь 22 эзар тонн гергга ялта дара. Цу хьокъехь болу хаамаш Рязанин областерчу Сасово кIоштан юьртан бахаман урхаллин сайта тIехь бара.
Тоьллачу бахаман дика куьйгалхо ша хиларе терра, белхалойн къинхьегаман гайтамаш лаккхара хиларх тоам беш вац Баталов Рамзан. Цо даима шен семачу тидамехь латтадо шен куьйга кIел болчу белхалойн хьашташ. Оьшучунна гIо-накъосталла дан кийча ву иза. Цундела дукхавеза белхалошна. Иштта бертахь къахьоьгуш схьабогIу уьш кху тIаьхьарчу ткъех шарахь. Къахьегар, садаIар, самукъадалар цхьана долуш. Цундела массарна цхьабосса хазахийтира шайн куьйгалхочунна Баталов Рамзанна «Россин агропромышленни комплексан сийлаллин белхахо» Сийлаллин цIе елча. Ткъа Рамзана ша схьадийцарехь, цунна цхьанна дина дац и совгIат, «Прогресс» бахаман массо а белхалочун хьанал къинхьегам бахьанехь цу кхиаме ша кхаьчна хилча, совгIатан дакъа а массарна а кхочу аьлла хета цунна. Шен белхан накъостийн хьуьнар, корматалла бахьанехь кхаьчна хета вайн махкахочунна ша цу зовкхе. Ткъа и сийлахь цIе туьллуш яьккхинарг вайн махкахочун Баталов Рамзанан цIе хилча, вайна массарна а дагана там беш самукъане хаам бу иза, еххачу хенахь диканах хьегна вайн синош мерзачу кхоаца хьаста, Рязанера схьакхаьчна. Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан! Иштта вешан махкахойн хьуьнарех дозалла дойтуш догIийла вайна массо а де.
А.ГАЗИЕВА
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо