ХIора шарахь 24-чу мартехь дерриге дуьненахь билгалдоккху Туберкулезна дуьхьало яран дуьненаюкъара де, ткъа 7-чу апрелехь билгалдоккху Могашаллин дерригдуьненан де. 1882-чу шеран 24-чу мартехь немцойн микробиолога Кох Роберта гучуяьккхина туберкулезан «палочка» (бактери), цунах «палочка Коха» олу. 1948-чу шеран 7-чу апрелехь МогашаллаIалашъяран дерригдуьненан организаци кхоьллина. Цуьнца доьзна 1950-чу шарахь дуьйна дерриге а дуьненахь ламаст хилла дIахIоьттина 7-чу апрелехь Могашаллин де билгалдаккхар. ХIетахь дуьйна МогашаллаIалашъяран дерригдуьненан организацина юкъаяхна дуьненан 194 пачхьалкх.
Дуккха а шераш ду «Врачи без границ» дуьненаюкъара организаци Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствоца цхьаьна Нохчийчохь болх беш йолу. Ткъа 2004-чу шарахь дуьйна цара кхочушъян йолийна туберкулезна дуьхьало яран программа.
Туберкулезан цамгар адамийн хеннара ю ала мегар ду. Хьалха заманчохь бежнашна хуьлуш хилла «бычий туберкулез» олу цамгар. Ткъа цу хенахь адамийн дахар гуттар а чІогІа хьайбанашцадоьзна хилар бахьанехь и цамгар адамашна тIеяьлла. Ткъа тахана туберкулезан бактери цхьана стагана тIера кхечу стагана тIе йолу, хьайбанех ца йолу иза хIинца. Юккъерчу бIешерашкахь туберкулез шахьарийн цамгар хилла. ХIунда аьлча, шахьаршкахь кегий чоьнаш хилла, мох а, малх а кхоьтийла доцуш, ткъа ярташкахь – хаза цIена хIаваъ а, паргIат Iойла а. Бакъду, ярташкара нах шахьаршка дIаэха буьйлабелча, туберкулез яьржина. Дукха хьолахь, миска нах цомгаш хуьлуш хилла, хIунда аьлча, церан дахаран таронаш ледара хуьлу. ХVІІІ–ХІХ-чуй бIешерашкахь мискачу нехан лазар долучуьра даьлла туберкулез, цомгаш берш дукха баржар бахьанехь. Ткъа цамгаран бактери хьанна а тIеяла йиш йолуш ю. Дуккха а гIарабевлла а, хьал долу а нах хилла туберкулез йолуш. Масала, композитор Шопен а, яздархой Кафка, Чехов, Достоевски а цу цамгарх белла. ХIетахь цунах «чахотка» олуш хилла.
Туберкулезна уггаре а дика дуьхьало еш долу молханаш 50 шо гергга хьалха юкъадаьхна. Масала, «стрептомицин», «парс», «парааминосалициловая кислота», «изониазид», «рифампицин» олу молханаш.
МаIарш а, месаш а йоцург, дегIан муьлххачу меженах кхета йиш йолуш ю туберкулез. Амма пехийн туберкулез бен яьржаш яц. Цамгаран яржар – хIаваэхула хуьлуш ду. Туберкулезан билгалонашна юкъахь ю кхаа кIиранал сов яхъелла йовхарш, дегIан температура лакхара хилар (37–38 градус), стаг азвалар, юучух чам балар, вижина волуш хьацарш дийлар, накха болчу меттехь лазор, наггахь – йовхартоьхча а, шетаца а цIий далар. И ерриге а билгалонаш шеца йолу муьлхха а стаг дукха сиха лоьрана тIеваха веза.
Туберкулез талларан кхо кеп ю: микроскопически, рентгенологически, бактериологически. Цамгар хьалххе гучу мел яьккхи а, дарба хьалххе мел долий а, туберкулез (цхьа а тIаьхьало ца юьсуш) дIаяларан таро алссам ю. Адамашна хаа деза, туберкулез дарба далуш цамгар юйла, цуьнан дарба дар маьхза дуйла а (пачхьалкхан дарбалелоран учрежденешкахь). Нагахь, цамгархочо оьшуш долу дарба лело долийнехь (дарба долийначу хьалхарчу кIиранашкахь дуьйна) цамгаран бактериш яржар дикка лахло. Цундела, маь1не ду дарба хьалххе долор. Ша шена дарба дарах а, лоьро язйина молханаш мийлар юкъардахарх а гIуллакх ца хуьлу, туберкулезна дарба леррина дан дезаш ду. Долийна долу дарба чекхдаккхар – уггаре а коьртаниг ду.
Доьзалехь цхьана стагана туберкулез гучуяьллехь, уггаре а цу шен доьзалехь волу хIора а стаг лоьрана тIеваха веза, царна цамгар ю я яц хьожуьйтуш. Цул тIаьхьа шеца цхьаьна хIусамехь Iашболчарех и цамгар дIакхетар йоцу таронаш кхолла еза: кораш-неIарш доьллуш, сих-сиха мох кхетийта беза, нагахь санна аьтто белахь, цамгархо къаьсттина цхьана чоьнахь Iан веза.
Къастайо молханашна чIогIа йолу а, йоцу а туберкулез (лекарственно устойчивый и неустойчивый) . Хан мел йолу, туберкулезан бактери а «хьекъале» яьлла, цхьадолчу молханашца дуьхьало ца яло цунна. Масала, 50 шо хьалха стрепотомицинца туберкулез йолчу муьлххачу цамгархочунна дарба далуш хиллехь, таханлерчу дийнахь 50 процент сов цамгархошна цу молхано гIо ца до.
Цамгар тIеяла алссам кхерам бу туберкулез йолчу стагаца цхьаьна Iаш, болх беш болчарна, лахара иммунитет йолчарна, къаьркъа, наркотикаш я кхийолу могашаллина зене йолу хIуманаш лелочарна. Туберкулез йолчу дархочо цкъа йовхарш тоьхча, 6–7 миллиард бактереш яьржа хIаваэхула.
Кхин цхьа хIума а ду. Шаьш могашаллина зен деш долу хIуманаш лелош ца хилча, спортаца гергарло долуш хилча, дика яахIума юуш хилча, шайх цкъа а туберкулезан цамгар кхетар яц моьтту цхьаболчарна. Цу хьокъехь тилвала мегар дац. Туберкулез муьлххачу а стагана кхета йиш йолуш ю. Иммунитет мел чIогIа лакхара хилча а, цкъацкъа цунна эшам хуьлуш а нисло, масала грипп я кхийолу цамгар кхетча. Цундела, даима сема хила деза. ХIора а стагана тIехь ду кхаа шарахь цкъа флюорографи яккхар а, нагахь санна лакхахь йийцина йолу туберкулезан билгалонаш шайца ю аьлла шеко кхоллаелча, сихонца лоьрана тIе вахар а. Цу тIехь ледарло ян мегар дац. Везачу Дала туберкулезан цамгарх лардойла вай! Цомгушчарна Дала маршалла дойла!
Зорбане кечйинарг –
А.МУСАЕВА