Университетан студенташ – белхех

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташа даима а жигара дакъалоцу Соьлжа-ГIалин юкъарчу белхехь. ХIинца, рогIерчу белхехь физико-математикин факультетан студенташ бара шайн университетана гуонахара меттигаш цIанъеш, хазъеш гIуллакхаш дан арабевлла. Йовхо эшош, самукъадаьлла къахьоьгура кегийрхоша.субботник

Шайна билгалъяьккхинчу метте нораш хьоькхуш, къух бухадоккхуш,  пачхьалкхан учрежденийн керташна хьаькхна басар карладоккхуш белхаш бина бевлча, чохь дан дезачу гIуллакхашна тIебирзира студенташ.

Университетан куьйгалло дийцарехь, белхи хьаьттан (август) бутт чекхбаллалц дIахьур бу. Республикин коьрта шахьар Соьлжа-ГIала Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин юбилейна кечлуш ю.

З.ХИЗИРОВА

Суьрта тIехь: Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студентийн белхи  

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: