(Вайна юкъара дIаваха бакъонца халкъан а, мехкан а тешаме кIант хилла волу, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дика бIанакъост хилла волу Абдурахманов Дукхуваха. ДIаваха шех лаьцна ала дика дош дуьтуш. Тахана оха газетдешархойн тидаме дуьллу цо Ахьмад-Хьаьжин хьокъехь масех шо хьалха дина хилла къамел.)
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, массо а хIуманца вуй те аьлла, охIла а, хьекъале а, хьикмате а къонах вара. Цул сов, кIорггера Iилма долуш, дешна стаг а, Нохчийчоьнан исторехь вуно хала беанчу муьрехь республикин муфти лаьттина а вара иза. КIорггера хьекъал, кхетам болуш, хила тарлучун геннара маьIна даккха хууш волчу цо чIогIа хьесапаш дира нохчийн махкахь хуьлучу къизачу хиламийн. ТIаккха цунна карийра къам ницкъ барх, Iазапехь латторах, бехк-гуьнахь доцуш хьийзорах лардаран некъ. И некъ цIена а, нийса а хиларх тешош, церан дог-ойла гIаттош, адамаш шена тIаьхьа а хIиттийна, дIадигира Ахьмад-Хьаьжас.
Политикин белхан зеделларг, леррина хаарш ца хиллехь а цунна хиира кхузахь дIахьош болчу тIамна тIехьа дуьненан яккхийчу пачхьалкхаша дIахьош болу геополитически къийсам хилар, гира къаьмнаш а, динаш а вовшашца эгIорца, царна юккъехь жахьталла кхолларца Россин пачхьалкх гIелъян а, екъа а лууш Малхбузе хилар. Вайна ма-хаъара, Къилбаседа Кавказ, къаьсттина Нохчийн Республика и къийсам бахьанехь динан-экстремизм зиэран хьаьрма хилла дIахIоьттира.
Церан къаьсттина дегайовхо яра вахабитийн боламах, даррехь массарна а дуьхьал тIом хьебеш болчу. Цара, вахабиташа, тIом кхайкхабора шайн низамна, къепенна реза мел воцчунна. Оцу «тIеман адамийн» коьрта тохар Нохчийчохь хилира. Вайн республикерчу бахархоша тахана а кхерамца, дог Iийжорца дагалоьцу и денош. Шайна хийра йолчу идеологин, шайн хийра йолчу къепенан йийсарехь бисинера уьш. Нохчийн дахаран дерриге а хатI хийцинера вахабиташа. Адамаш сийсаздеш, аьшнашдеш дара. Керла юкъаяьхначу шарIан кхиэлаша дечу таIзарша бахархой кхерамехь латтош бара, уьш Iадийна бара. Цу тIе массо а кхеташ вара светски, суверенни пачхьалкхехь вахабитийн Iедал деха лаьттарг цахиларх. Керла тIом хиларе хьежаро а, цо хIун къизалла йохьур ю хааро а, российски тIеман машено, дехьара-сехьара ца къестош, массо а хIаллаквеш, гIишлош йохош хилар хааро а адамаш хьере динера.
Вайн эзарнаш, эзарнаш махкахойн республика дIатаса дийзира. Уьш луларчу республикашкахула, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахула дIасабахара, дуьне ма-дду дIасабаьржира. Амма девдда дIадахаро нисдийр долуш дацара хьал. Цхьа дагахь доццург хила дезаш дара и кегарий, хьерадовлар сацо, хийрачу мехкашкара баьхкинчара эккхийтина кIуркIамани дIаяккха, гIаддайначу халкъан дог- ойла гIатто.
Иза хила а хилира. Юкъавелира майра, доьналла долу стаг. Цо даррехь дIахьедира ша «нохчийн халкъ цхьаьнгга а хьийзадойтур дац» аьлла. ТIом кхайкхийра вахабиташна а, экстремисташна а. Тамашийна а, оццу хенахь цхьа билгало йолуш а хета юкъаваьлларг юха а Iеламстаг хилла хилар. Амма хIара вайн дедайша лелийна бусалба цIена дин лелош вара. Шу кхетта а ма-хиллара, кхузахь къамел Кадыров Ахьмад-Хьаьжех ду. Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а хIаллакдечарна дуьхьал гIаттале хьалха Нохчийчоьнан муфти вара иза. Цунна юххехь ца хиллехь а, цунна дукха гена цахиллачарна хаа герга ду оцу къонахчунна, шеца цхьаьна болчу кIеззигчу бIанакъосташца цхьаьна мел хала хилла герзах йоьттина а, ахчанца комаьрша кхачоеш йолчу а гIеранашна, фанаташна дуьхьал латта.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас массарна а хеззехь Iораехира хаза къамелаш а деш, цIий Iенон гIуллакхаш деш болчу «дикачу нехан» Iалашонаш. Вайн вежараллин республикина, Дагестанна бандиташ ямартлонца, тешнабехкаца тIелеттачу хенахь дуьххьара уьш емалбинарг а Ахьмад-Хьаьжа вара. ЦIена бусалба стаг хиларе терра, Лекхаволчух бен кхоьруш воцчу цо сийлаллица кхочушдира шен декхар. Хуьлуш долчух долу бакъдерг ма-дарра дIадийцира цо. ХIара верна кхерам болуш бакъдерг дара иза. Амма и бакъдерг хазаре сатесна дара бала-гIайгIа дукха лайна долу нохчийн халкъ. Бодашкахь цIеххьана гучудаьлла цIеран хаьштиг санна дара и гучувалар а. Исламан, машаран, халкъан мостагIийн къайлаха йолу Iалашонаш Iорайохуш дуккха а эзарнаш адамаш долчу митингашкахь майраллех, доьналлех, къонахаллех дуьззина къамелаш дарца адамаш юха а шайн ницкъах тешийтира цо. Цуьнан агIо лоцуш берш хIора дийнахь алсамбовлуш бара, Нохчийчохь къоман керла тхьамда, халкъ шена тIехьа лаца хьуьнар долу, и халкъ бохамах лардархьама шен са дIадала кийча къонах хилар а гойтуш. Иштта хила тарлуш а ма-хиллара, цунна цхьанна тIаьххье кхин кIело йора, цуьнан машенна герзаш деттара, лелхийтарш дора. Уггаре а гергара а, тешаме а адамаш цунна уллера дIадохура цу тайппана. Амма иза къарлур волуш вацара. Шена юхавала некъ ца карабора цунна.
Нохчийчоьнан хьокъехь нийса некъ лоьхуш, уггаре а хьалха куьйгалхо лоьхуш чот йоьхна хьийзаш йолчу Москвана эххар а Кадыров Ахьмад-Хьаьжехь гира нохчийн юкъаралла цхьаьнатоха, вахабиташа болийна тIом сацо хьуьнар долу стаг. Кхузахь дика дош ала хьакъ ду Нохчийчоьнан муфти, дуккха а болчарна цамоьттург а деш, республикин куьйгалхо хIоттийна волчу а хIетахь Россин Федерацин Президент хиллачу а Путин Владимир Владимировичах. Хиламашна хьалха а эккхаш ала мегар ду иза Кремлан беккъа цхьа нийса сацам хилла хилар а, цо дика тIаьхье елла хилла хилар а.
Пачхьалкхан гIуллакххочун даржехь волчу хьалхарчу дийнахь дуьйна Ахьмад-Хьаьжас шена хьалха Iалашо хIоттийра – хIуъа хилла латтарх Нохчийчуьра тIом дIабаккхар, республика Россин конституцин хьаьрмахь чIагIъяр. Къам Iалашдаран а, цIиндаран а беккъа цхьа некъ бара иза. Оцу некъа тIехь уггаре а коьртаниг дара халкъа юкъахь барт бар, политически ницкъаш цхьаьнатохар, цхьацца бахьанашца Iехабелла законехь йоцчу герзашца йолчу тобанашна юккъехь нисбелларш маьршачу дахаре юхаберзор.
И хала, амма сийлахь декхар кхочушдар шена тIе а лаьцна, Ахьмад-Хьаьжас халкъ машаран а, цIиндаран а новкъа даьккхира. Цо куьйгалла а деш, дIаяьхьира нохчийн халкъан съезд. ТIаккха хилира вайн исторехь Iаламат мехала хилам – Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула йолу референдум. Цул тIаьхьа дIабаьхьначу Нохчийн Республикин Президент, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ харжарна леринчу харжамаша чIагIдира республика нийсачу новкъахь хилар. Ткъа и некъ дIаболийнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара.
Шен тхьамдаллин амалш а, боккха сий-ларам а бахьана долуш цуьнан аьтто белира шена гуонаха юкъараллин тоьлла векалш вовшахтоха, Къилбаседа Кавказехь хьовха, Россин кхечу регионашкахь а ондда орамаш таса ларийначу вахабизмана, букъасурт кагдеш, ондда тохар дан. Ахьмад-Хьаьжа даима а халкъа юкъахь вара. Цо махкахой тешабора хаьржинчу некъа тIера дIасахьовза, юхадовла мегарг цахиларх. Кегаречу заманан берриге а мохь шайн белшаш тIехь дIакхехьначу могIарерчу бахархойн сатийсамаша лоьхург дара Ахьмад-Хьаьжас дуьйцуш дерг. Цундела уьш цунах чIогIа тийшира, тийшира иза халкъан сий а, цIе а ларъян гIаьттина бакъонца къийсамхо хиларх.
Ахьмад-Хьаьжа бIеннаш боевикашна кхерам цахилийтаран чIагIо хилла дIахIоьттира. Цунах тешна, герзаш охьа а дехкина, хьаннашкара арабевллера уьш, маьршачу дахаре юхабирзинера. Иза ондда, шен ницкъ ма-кхоччу ларъеш вара шен махкахойн бакъонаш. Республикин Президент хиларе терра шена тIехь долчу жоьпаллех кхеташ вара иза. Халкъ лардарехь цхьана а хIуманах, стагах, иза мел лакхарчу даржехь хиларх, озавелла юхаволуш вацара.
Россин Президентан гIонна тIе а тийжаш, Нохчийчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министерство кхоьллира Ахьмад-Хьаьжас. Цо доккха маьIна лелийра республикера юкъараллин-политически хьал лар тIе далорехь. Болх бан йолаелира Нохчийн Республикин социально-экономически дакъа меттахIотторан федеральни Iалашонан программа, федеральни министерствоша массо а агIор новкъарлонаш еш хиллехь а.
ХIетахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин белшаш тIехь дара шина тIамо йохийна, чIана яьккхина республика меттахIотторан хала дукъ. Амма хIинца цуьнца цхьаьна дара халкъ, цуьнан безам, динан а, пачхьалкхан а гIуллакххойн сий-ларам. Цуьнга боккха ларам бара Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу, къаьсттина Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхойн а, Iеламнехан а. Кхетамехь болчарна бIаьрла гуш дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас динан экстремизмана тIехь толам баьккхина хилар.
Ткъа и вахабизм Россин къилбехь олалла дан лууш хилла хилар цхьанна а къайле яцара. Цуьрриг а дестор хир дац Ахьмад-Хьаьжа Россин пачхьалкхан цхьаалла ларъяран а, Къилбаседа Кавказан халкъийн машарехьа болчу къийсаман а масал хилла дIахIоьттира аьлча. Иштта хилла Делан (С.Т.) йоза.
Нагахь санна мостагIаша тешнабехкаца цуьнан дахар ца хадийнехьара, шен кIадвалар ца девзачу хьуьнарца а, доьналлица а, халкъана гIо дан болчу боккхачу лаамца а мел дукха гIуллакхаш дина хир дара цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчоьнна, Къилбаседа Кавказана, ерриге а Россина мел оьшуш хилла гайтира цуьнан тезето. Иза ваьхначу Хоси-Юьрта баьхкира Россин дуккха а республикашкара, областашкара куьйгалхой. Пачхьалкхан гоьваьллачу гIуллакххочун, кхерам бевзаш воцчу стеган, хьокъала боллу мах хадош, цуьнан сий деш мехкан Президента В.Путина шен Указаца Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Россин Турпалхочун сийлахь цIе тиллира. Тахана цуьнан цIе лелош долчу урамаша, майданаша, цIеноша, и.дI.кх. тоьшалла до вайн халкъо иза шайн иэсехь латтош хиларна, халкъан дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас дина гIуллакхаш цо дагахь латтош хиларна. Таханлерчу а, тIейогIу йолчу а тIаьхьенийн иэсехь вуьсур ву иза бакъволу бусалба, къоман баьчча, пачхьалкхан гIуллакххо, Даймахкана доза доцуш муьтIахь волу стаг санна.
2004-чу шеран 9-чу майхь исламан, машаран мостагIаша ямартло, тешнабехк беш тохар дира вайна, вай доьхна, къилбанах тилла дIадахаре сатуьйсуш. Амма мостагIий цу тIехь а Iехабелира. Нохчийн Республикин хьалхара Президент кхалхаро мелхо а, халкъан барт, цхьаалла кхин а чIогIа чIагIйира. ВаьштатаьIира цунна уллехь лаьттинарш. И бахьана долуш халкъ Ахьмад-Хьаьжас билгалбинчу некъа тIехь чIагIделира, республика де-дийне кхуьуш, хазлуш дIаяхара. Тахана иза ца йовззал хийцаелла. Иза билггал иштта хилийта гIерташ Iаламат чIогIа къахьийгира, уггаре а хьалха Нохчийчоьнан таханлерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнан дIадолорца еш йолчу гIишлоша массо а цецвоккху. Туьйранехь санна, йоццачу хенахь шайн куц хийцина гIаланаша а, ярташа а.
Цу тайппана, кху дуьненара дIавоьдуш, шел тIаьхьа хьокъала волу воI витира Ахьмад-Хьаьжас. Шен дас болийначу некъаца республика а, халкъ а хьалхахьа дуьгуш ву иза. Ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, со тешна ву, вайна массарна а даима а оьздангаллин, турпалаллин, ийманан къилба хилла вуьсур ву. Цуьнца дустур ду вай вешан гIуллакхаш, дешнаш, гIулчаш, нийяташ.
Д.АБДУРАХМАНОВ
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо