Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь рогIера кхеташо дIаяьхьира. Иза лерина яра товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь вайн махкахь харжамаш дIабахьарна кечамбаран гIуллакхаш дийцаре дарна. Цигахь дакъалецира Iедалан органийн а, юкъараллин а векалша.
Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председатела Байханов Iумара шен докладехь билгалдаьккхина ма-хиллара, берриге а махкахь цхьана дийнахь дIахьон болчу харжамашкахь харжамхоша дакъалоцур ду кхаа тIегIанан харжамашкахь кхаьжнаш тасарехь – федеральни, региональни, муниципальни. Цо дийцарехь, оцу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташ а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн векалш а харжа безар бу.
«Регионан куьйгалхо харжарна кандидаташ еккъа цхьана харжамийн (политикин) цхьаьнакхетараллаша бен хьалха ца теттина. Харжамийн комиссе хьокъала доллу документаш веа кандидата чуделла – Кадыров Рамзана («Единая Россия»), Денильханов Султана («Справедливая Россия»), Батаев ГIайрсолтас (КПРФ), Усманов Идриса («Партия Роста»). Законо билгалйинчу къепехь царна регистраци йина. Россин Пачхьалкхан Думин депутаташна цхьа мандат йолчу харжамийн округехула хьалхатеттина пхи кандидат. Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн 41 мандатана хьалхатеттина 208 кандидат. Уьш хьалхатеттинарг йиъ парти ю. Цул сов, оцу дийнахь харжамаш дIахьур бу 196 муниципальни вовшахкхетараллехь, гIалин 2 округехь, 15 кIоштахь, 179 юьртахь», – элира I.Байхановс.
Цо дийцарехь, харжамашна кечамбаран а, уьш дIабахьаран а болх беш ю Нохчийн Республикин Харжамийн комисси, 20 территориальни комисси, 449 куьпан комисси. «Таханлерчу денна тIекхочуш меттигерчу администрацийн куьйгалхоша 449 харжамийн куп вовшахтоьхна, харжамаш дIабахьийта а, харжамхойн кхаьжнаш дагардан а. Царна буьззинчу барамехь кхачо йина технологин гIирсашца, цу юкъахь ду гIудалкхашкахь дIасалелаш болчу заьIапхошна къайлаха кхаж тасийта леррина кабинаш кечъяр. БIаьхаллин подразделенийн керташкахь вовшахтоьхна ханна йолу харжамийн 13 куп. Ерриге а каппашкахь регистраци йинчу харжамхойн барам 682 эзар стаге кхочуш бу. Тешна ву, массара а цхьабосса ницкъаш тIебахийтарца вайн харжамаш кхиамца дIабахьа а, харжамхойн жигаралла лакхара хилийта а аьтто бериг хиларх», – бохура Байханов Iумара.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана харжамхошка дийхира, шайн граждански хьежам а гойтуш, кхаж тасарехь жигара дакъалацар. Цо иштта дIахаийтира, ламасте дирзина ма-хиллара, Нохчийн Республикехь харжамаш харжамхоша жигара дакъалацарца дIахьуриг хиларх ша тешна хилар. «Товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь вай дерриге а дуьненна дIагайта деза вайн цхьаалла, барт хилар. ХIоранна а тIехь ду шен граждански декхар кхочушдар – харжамийн куьпа а веана, кхаж тасар. Вай кIорггера кхеташ хила деза ваьш герггарчу шерашна долу вайн хиндерг хоржуш хиларх. Вайх хIораннах а дозуш ду вайн кханалера де муха хир ду бохург. Со тешна ву товбецан 18-чу дийнахь вайн харжамийн каппашкахь, Нохчийчохь ламаст хилла дIахIоьттина долу сурт гург хиларх – алссам адамаш, синтеме хьал, адамийн елаелла-екхаелла яххьаш, даздаран дог-ойла», – бохура Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дош делира вайн республикехь демократин харжамаш дIабахьарна хьелаш хилийта. Цо дийцарехь, историн харжамаш хир бу уьш. «Цхьана а тайпа талхор доцуш харжамаш дIабахьаран декхар хIоттийна вай вайна хьалха. Ас могуьйтур дац бюллетенашца бозбуанчалла лелор, харцо лелор. И дан гIоьртинарг хадам боллуш сацор ву. Ас дIахьедо: товбецан 18-чу дийнахь Нохчийчохь вайна уггаре а цIена, хьулам боцу харжамаш гур бу. Вай долчохь харжамаш муха дIахьо ган лууш мел верг Нохчийчу кхойкху ас. Берриге а тергамхошна схьайиллина ю вайн неIарш.
Оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, кхиболу официальни нах.
Д.АНАДЕВ
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо