Дика кIентий бу Нохчийчохь!

Къилбаседа-ХIирийчуьра Бури-ГIаларчу цIерпоштнекъан техникуман хьехархо ю со.

«Даймохк» газетехула дийца лаьара суна Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а дехачу дикачу адамех лаьцна.  2012-чу шарахь дара со техникуман студентийн классан куьйгалхо хIоттийча.

Нохчийн Республикера кегийрхой бара сан группехь: Абухажиев Умалт, Дешиев Iусман, Сагаипов Зеламха, Товсултанов Дамир. Шун республикина юьхькIам болу векалш бара уьш кхузахь. Оцу кегийрхойх къаьсттина Сагаипов Зеламхин а, Товсултанов Дамирин а дай-нанойх лаьцна ала лаьара суна. Дешна бевлла уьш, амма церан дай-наноша СагаиповгIара Iумара а, Яхас а, ТовсултановгIара Абубакара а, Берланта а студентийн дешаран 4 шарахь доккха гIо-накъосталла дира суна.  Студентийн дай-наноша санна гIо дина ца Iаш, сан тешамечу накъосташа санна а гIо дира цара.

Нохчийн кегийрхоша шайн «аьрха» амалш гучуяхайолийча, сан ницкъ тоьар бац аьлла, со шеконе яьлча, цаьрга телефон туьйхира ас. «Са ма гатде, хьовсур ду тхо» – олура цара. Оцу минотехь дерриге а шен-шен метта дIанисдора цара. Кегийнах къинхетаме а, оьзда а бара. Сагаипов Зеламхас гIо оьшург цхьа а ца  вуьтура тидамза. Товсултанов Дамир футбол дукхаезаш вара. КIоштан полицин отделан футболан команди юкъахь ловзуш а вара. ЦIеххьана цIий дотта оьшуш меттиг хилча, уьш кийча хуьлура донорш хилла дIахIитта.

Iаьнан кхолламан (январь) баттахь, шелъелла цомгаш хиллера со. Дагна ницкъ хилла, вуон дара суна. Сан гергара нах кхечу гIалахь Iаш бу.

Нохчийчуьра студенташка кхайкхира ас, 10 минот а ялале схьабаьхкина, суна лоьраш кхайкхина, дукха дика хьаьвзира уьш. Ас хIара дерриге а дуьйцу кхузаманан кегийрхошка масал эцийта. Шен махкара араваьлла кхечу къоман нахана юккъе кхаьчнарг нохчийн кIентий санна лела веза.

Шеко йоцуш, оцу кегийчу нехан дай-нанойн а дакъа ду уьш иштта оьзда, гIиллакхе хилар. Даггара баркалла ала лаьа царна массарна а, цара шайн кIентий иштта сема кхиорна а, доьшучу юкъана цара суна накъосталла дарна а.

Боккхачу ларамца, Буру-ГIалара Канукова Диана

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: