Шелан кIоштахь йолчу «МаьIданийн ГIойт-Коьртара куп» майданахь пайде маьIданаш леха а, даха а «Роснефтана» бакъо луш йолу лицензи ницкъехь хилар дахдина 2152-чу шеран гIуран беттан 31-гIа де кхаччалц. Иштта сацам бина Россин гуонахарчу Iаламах пайдаэцаран федеральни агентствон куьйгалло.

Нохчийчохь мехкдаьтта лахаран а, иза схьадаккхаран а белхаш беш ю «Роснефтан» меттигера «Грознефтегаз» цIе йолу компани. Карарчу хенахь Нохчийн Республикерчу 27 маьIданийн майданахь болх бан бакъо йолуш ю «Роснефть».
Билгалдаккха догIу, оцу компанис цкъачунна кхачам боллуш пайдаоьцуш маьIданийн 11 майда бен цахилар. Оцу майданашкара «Роснефто» вайн маьIданех кхин а 1 36 шарахь пайдаоьцур бу доккхучу мехкадаьттан барам 400 эзар тонн бу. Бухайисина йолу 16 майда «Роснефто» а я кхийолчу компанеша а пайдаоьцуш яц.
«Роснефть» мехкдаьттан а, газан а компани ю. Цуьнан 69,5 процентан акцеш Россин Iедалан долахь ю. Мехкдаьтта доккхучу дуьненахь уггаре а яккхий лоручу компанех цхьаъ ю иза. 2015-чу шарахь шаьш бинчу балхах пайда баьллачу Россин компанийн могIарехь кхоалгIачу меттехь ю.

Федеральни Iедало тIедиллина оцу компанина масех шо хьалха Соьлжа-ГIалахь мехкдаьтт анах гIуллакхдаран завод яр. Амма таханлерчу дийнахь оцу заводан проект хIотторан болх а бац дIаболийна.
XX-чу бIешеран чаккхенехь республикехь дIахьош тIеман ши кампани йолчу муьрехь а шен болх сацийна бац «Роснефто». Законца нийса а догIуш, республикин бюджете налогаш кхача езаш ю оцу компанис кхузахь болх барна. Амма тIаьххьара «Роснефто» Нохчийн Республикин бюджете налог 2007-чу шарахь елла: 300 миллион сом. Оцу шарахь республикехь даьккхинчу мехкдаьттах компанина хилла пайда 5,4 миллиард сом бу.
«Роснефтана» Нохчийчоьнан маьIданех пайдаэца бакъо луш елла лицензи нохчийн халкъана а, махкана а тIейогIучу хенахь беркате хирг хиларх тешна Iийр ду вай.
И.ИСЛАМОВ
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо