Кху деношкахь Пятигорскехь Iаламат самукъане ду. Болх бан дIайолаелла Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук» цIе йолу форум. Кху шарахь ворхIалгIа гуллуш бу кегийрхой шайн форуме. 2016-чу шеран бIаьстенан юьххьехь дуьйна цкъа а ца хиллачу кепара дукха заявкаш яра Къилбаседа Кавказан регионашкара дакъалаца луучара чуелла. Ма-дарра дийцича рекорде хьалакхочуш бара чуеллачу заявкийн барам. Уьш 5328 яра. Царна юкъара тоьлларш схьакъастийча а 2 эзар ах эзар заявка йисира. Россин кхечу регионашкара векалш а бу форуме кхайкхина. Уьш 120 хила герга ду. Ишта-м Гуьржийчуьра а, Къилба ХIирийчуьра а хьеший бу форуме кхайкхина. Цунах лаьцна хаам бира Къилбаседа Кавказан кегийрхойн форуман пресс-центро.

Форум шина кIирнах лаьттар йолуш ю. Кегийрхойн аьтто хир бу вовшийн довза, доттагIалла таса, вайн пачхьалкхехь гIарадевлла девзачу адамашца къамеле бовла. Шуьйра, чулацаме ю форуман программа. Кхузахь дIаяхьа лерина ю тематикин тренингаш, пресс-конференцеш, хьалхалерчу форумашкахь кхиамца чекхъевллачу проектийн ярмаркаш. Беркатечу ламасте дирзина Къилбаседа Кавказан кегийрхоша хIора шарахь дIахьочу «Машук» форумехь бевзачу Россин политикаша, бизнесменаша, артисташа дакъалацар. Кху шарахь а кIезиг бац уьш Пятигорскехь дIахьочу кегийрхойн цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш.
Хьалхалерчу шерашкахь санна, кху шарахь а кегийрхойн аьтто хир бу шайн проекташ йовзийта, уьш йийцаре ян. 125 грант ю дIакхайкхийна, тоьллачарна кхочур йолуш. Царах ткъа 2,5 миллион соьман меха ю, 75 грант – 300 эзар соьман меха, 20 грант 400 эзар соьман меха ю. Итт грант 500 эзар соьман меха ю. Иза данне дац «Машук» форумехь мел верг шен цхьацца проект йохьуш веана хила веза бохург. Хьажа, ладогIа, кхечеран проекташка бIаьргтоха луург ван магош ду форуме. Къилбаседа Кавказан федеральни округан тоьллачу бахамийн куьйгалхой бу форумехь дакъалоцуш. Царна тIедиллина кегийрхойн проекташ гайтарехь эксперташ хилар а, проектийн хьакъ боллу мах хадор а.
5-чу августехь болх бан йолаеллачу «Машук» форуман болх шина муьре бекъна бу. 5-чу августера 12-чу августе кхаччалц болх бийр бу хьалхарчу муьро. Коьртачу декъана цигахь йовзуьйтур ю «Социальное предпринимательство», «Бизнес- пространство», «Молодежное творчество» цIерш йолу проекташ. ШолгIачу муьрехь йовзийта лерина ю «Информационная среда», «Гражданское общество», «Молодежное лидерство» цIе йолу проекташ. Форуман болх дIаберзо лерина ду 2016-чу 19-чу августехь.
Вайна массарна хууш ма хиллара В.В. Путина «Россин кинон» шо ду аьлла дIакхайкхийна ду 2016-гIа шо. И мехала тема шуьйра йийцаре ян лерина бу «Машук» форуман дакъалацархой.
2016-чу шеран «Машук» цIе йолу форум хьакъ доллучу тIегIанехь дIаяхьар шайна тIелаьцнера Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказехула волчу векалан аппарато, Ставрополан крайн правительствос, гIо-накъосталла деш яра Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерство, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу федеральни агентство а. Билгалдаккха догIу уьш тIелаьцначу декхаршца тIехдика ларош схьабогIуш хилар.
А.ДАЧАЕВА
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо