Футболах ловзаран премьер-лигин командашна юккъахь Россин Федерацехь хьалхеяккхаран чемпионатан 2016– 2017-чуй шерийн муьран 2-чу турехь «Терек» (Соьлжа-ГIала) хьошалгIахь цхьаьнакхийтира «Краснодарца» (Краснодар). Цхьаьнакхетар дIадаьхьира хьаьттан (август) беттан 8-чу дийнахь Краснодарерчу «Кубань» стадионан майданахь.

Матчан 33-чу минотехь Смоловс соьлжагIалахойн кевна чу хьалхара гол туьйхира. Серлонан табло тIера терахь кхин ца хуьйцуш чекхъелира хьалхара тайм.
Иза чекхъяьллачул тIаьхьа «Наш футбол» телеканалан белхахочо хьалхарчу тайман хьокъехь цхьаъ ала аьлча, «Терекан» ловзархочо Кузяев Далера элира: «Майданан дай баккъал а жигара ловзуш бу. Амма чекхъяьлларг цхьа тайм бен яц… ШолгIачу таймехь гур ду вайна».
СоьлжагIалахо бакъ луьйш хиллера. ШолгIачу тайман хьалхара миноташ жигара дIайолийначу «Краснодаро» тайнигаш санна ловзийра соьлжагIалахой а, буьрка а.
Ловзаран 54-чу минотехь соьлжагIалахойн кевна чу гол туьйхира краснодархойн Ариса. Цул тIаьхьа, 77-чу минотехь шозлагIа а «Терекан» кевна чу юха гол туьйхира Смоловс.
Кхин чолхе хьал соьлжагIалахошна матчехь гур дац аьлла хеташ хьовсархой а болуш, йолаелира 88-гIа минот а. И чекхъялале, соьлжагIалахойн кевна чу йоьалгIа гол а туьйхира. ХIинца гол тоьхнарг Вандерсон вара.
Серлонан табло тIехь 4:0 терахь а, «Краснодаран» чоьтехь кхин 3 очко а йолуш дIадирзира и ловзар. Шина командин цхьаьнакхетаре хьажа веанера 7 930 хьажархо. Царна юкъахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Даудов Мохьмад а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Ахмат-Арена» спорткомплексан генеральни директор Мацуев Мохьмад а вара.
Билгалдаккха догIу, оцу дийнахь М.Мацуев дуьнен чу ваьлла де дара, «Тереко» толам баккхарца шена совгIат дийр ду аьлла хеташ вара иза. Цуьнан сатийсам эрна хилира.
Амма, вайна гина ма-хиллара, толам буьйцу хьал дацара краснодархоша «Тереке» хIоттийнарг.
Карарчу хенахь соьлжагIалахойн «Терек» ворхIалгIачу а, краснодархойн «Краснодар» хьалхарчу а меттехь ю Россин футболехула йолчу премьер-лигин турниран таблицехь.
И.ХАСАХАНОВ
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо