Шен синан кIорге – суьрташкахь

1978703_825284154165721_7338924939949635631_n

Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь къоначу суьрташдахкархочун Дадаева Анжеликин суьртийн гайтам схьабиллина.  «Сан син басарш» аьллачу гайтаме даьхна тайп-тайпанчу жанрашкахь суьрташ: портреташ, Iаламан суьрташ кIоранца, къоламца, басаршца, дехкинарш а. Билгалъяьккхинчу музейца цхьаьна гайтам вовшахтоьхна Нохчийн Республикин культурин министерствос.

Дадаева Анжелика Нохчийн Республикин художникийн союзан  кегийрхойн вовшахтохаран декъашхо ю. Республикански а, ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а тайп-тайпанчу гайтамашкахь дакъалаьцна цо. Царна юкъахь бу регионашна юкъара «Россин Къилба» гайтам, Культурин Олимпиадин декъехь дIабаьхьна Къилбаседа Кавказан къоначу художникийн «Сочи-2014» гайтам, кхиберш. Иштта, Россин дозанал арахьа а гайтаме даьхна Анжеликин суьрташ. Масала, – Швецехь а, Германехь а. Нохчийчохь деккъа шен суьртийн кхо гайтам хилла къоначу художницин. Цуьнан кхоллараллин новкъахь маьIне хиламаш хилира оцу кхаа гайтамах.

10308075_825284114165725_913564759407504776_n

Соьлжа-ГIалахь пачхьалкхан музейшкахь а, иштта, республикин дозанал арахьарчу доларчу коллекцешкахь а бу суьрташдахкархочун белхаш. Цуьнан дукхахдолчу суьрташ тIехь адамаш ду. Масала, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн а, республикин карарчу Куьйгалхочун Р.Кадыровн а, нохчашлахь гоьваьллачу художникан П.Захаровн а портреташ ду царна юкъахь.

Цул сов, шен суьрташкахь Нохчийчоьнан Iаламан ерриге а хазалла гайтина А.Дадаевас. Шира ярташ, керла шахьарш, Соьлжа-ГIала, лайлахь лаьмнаш, Терка-хи – хIора а сурт шена тIехь бIаьрг соцуш ду. Суьрташ дахка кхийолчу регионашка а ихна Анжелика. Цу бахьница ду йоккхачу Кавказан Iалам, лаьмнаш суьрташдахкархочун белхаш тIехь кIезиг цахилар.

Къилбаседа Кавказан кегийрхойн тайп-тайпанчу форумашкахь Нохчийн Республикин векалалла дина Дадаева Анжеликас. «Къилбаседа Кавказан жигара кегийрхой» юкъараллин декъашхо а ю иза. Ставрополехь, Пятигорскехь, кхийолчу шахьаршкахь дIакхоьхьучу кегийрхойн форумашкахь дакъалоцу цо хIора шарахь. «Машук» форумехь кегийрхойн тоьлла проект хилар билгалдоккхуш, шозза ахчанца совгIат дина Анжеликина.

10264495_825284257499044_8180802648693164801_n

«Сан син басарш» аьллачу гайтамехь ган таро ю Дадаева Анжеликин хьалхалера белхаш а, иштта, цхьанна а гина доцу керла суьрташ а.  Билгалбаьккхина гайтам цхьана баттахь лаьттар бу.

А.МУСАЕВА

С.Шамиловн суьрташ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: