«Оьрсийн мотт» программа ю кхочушъеш

Нохчийн Республикехь дика дIадоьдуш ду «Оьрсийн мотт» Федеральни Iалашонан программа кхочушъяр.

Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь республикин юкъарчу дешаран школийн директоршна лерина курсаш хилира.

Санкт-Петербургерчу хьехархойн академин филологин кафедрин дипломана тIаьхьара долчу дешаран хьехархоша Iамийра вайн дешаран декъан белхахой. Очни а, заочни а кепех кхаа сменехь 150 директор ву курсаш чекхйохуш.

Санкт-Петербургерчу хьехархоша Iилма делла ца Iаш, хаттарш долчу директоршна консультацеш а йо. И дерриге а кхузаманан интернет гIирсаца далуш ду. Дешар «дистанционни» олучу кепара дIахьош ду. Вайн республике еанчу хьехархойн делегацин куьйгалхочун, филологин Iилманийн кандидатан, филологин а, искусствон а а кафедрин заведующис Ратко Игора дийцарехь, дешаран хьалхара мур чекхбаьлла. Цигахь доьшуш оьрсийн меттан а, литературин а хьехархойн 5 тоба яра.

– Дешаран хьалхарчу кIиранах тхуна гира, курсан дакъалацархой деша боккха лаам болуш, шайн зеделларг декъа кийча болуш хилар. Дешарехь халонаш яц – элира И.Раткос.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: