Республика социально-экономикин кхиоран гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионан экономика кхиоран а, социальни политика кхочушъяран а гIуллакхашна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца.

Муниципальни а, бюджетан а декъехь болх беш болчеран къинхьегаман мах хадоран хьал тодаран хьокъехь ша дина тIедиллар кхочушдар хьахийра Кадыров Рамзана.

«Нохчийн Республикехь бюджетан а, муниципальни а декъехь болх беш болчеран алапа Къилбаседа Кавказан федеральни округан кхийолчу регионашкахь долчу алапел хаъал лахара ду. Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу регионашкахь Iаш болуш, цхьатерра болх беш болчеран алапашна юкъахь иштта башхалла хилийта йиш яц», – элира цо.

Республикин Куьйгалхочо хьалха хIоттийна йолу Iалашо 2017-гIа шо тIекхочуш кхочушйина хир ю элира А.Эдельгериевс.

«Карарчу хенахь налогаш схьагулъяран бух цIинбарна тIехь болх беш ду тхо. Бюджетана ницкъ мелла а кIезиг хилийта, цхьайолу бюджетан харжаш лахъян лерина. Ахь билгалбаьхначу (бюджетан а, муниципальни а декъехь болх бечу) белхахойн алапа 2017-гIа шо тIекхачале лакхадаккхалур ду аьлла хета суна», – элира цо.

2017-чу шарна лерина ду Капустински хи лаьттийла меттахIотторан белхаш кхидIа а дIабахьар а, оцу Iалашонна федеральни бюджетера 300 миллион сом ахча къастор а, 27 эзар гектар латта тIехь хуьйцуш ялта дер дIадолор а. Иза бахьанехь керла белхан меттигаш кхолла таро хир ю.

Республикин Правительствон Председатела чекхъяхаза йисинчу объектех лаьцна а дийцира.

Федеральни Iалашонан «Россин Къилбе (2014–2020-гIий шераш)» программин декъехь ян йолийна йолу социальни декъера цхьамогIа объекташ чекхъяхаза йисина. Царах цхьаерш чекхъяхар, масала, больница, хинкорта, иштта кхиерш, 2017-чу шарна дIататтар гIоле хета тхуна», – элира Эдельгериев Абубакара.

«2025-гIа шо кхаччалц йолчу хенахь Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» Россин Федерацин пачхьалкхан программин декъехь тIеэцна «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республика социально-экономикин декъехь кхиор» цIе йолу керла программа. Бакъду, лакхахь билгалъяьккхинчу (Къилбаседа Кавказ кхиоран) пачхьалкхан программин концепцина юкъа ца догIу социальни а, коммунальни бахаман а декъехь гIуллакхаш кхочушдар. Цундела лакхахь хьахийна йолу социальни объекташ кхочушъяр Пачхьалкхан корпорацин – ХIусамийн-коммунальни бахаман реформировани ярна гIо-накъосталла даран фондан гIоьнца дIадахьа дагахь ю Нохчийн Республикин Правительство.

Цхьаьнакхетарехь иштта дийцаре дира Нохчийн Республика арахьарчу рынке ялар а, республика кхиар жигардаккхархьама махлелоран юкъаметтигаш кхио езаш хилар а.

Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, хьанал (халяль) продукци чIогIа оьшуш ю нахана, ткъа вайн иза йохка таро ю. Вай долчохь экологически цIена продукци а ю, вайца цхьаьнагIуллакхашдан лууш дукха мехкаш а ду. Цундела арахьарчу рынке яла дика таронаш ю вайн республикин. Оцу гIуллакхна къаьсттина тидам тIебахийтар тIедиллира республикин Куьйгалхочо.

А.Эдельгериевс хаам бира таханлерчу дийнахь Чине а, Казахстане а, ГIажарийчу а, Хонкара а хьанал продукци кхачорехь махлелоран юкъаметтигаш тоярехула беш болх хиларх лаьцна.

А.ХАСБУЛАТОВА

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: