Оьрсийн меттан а, базови тIегIанан математикин а экзаменаш дIаяларан хан къаьстина. Пачхьалкхан юкъара экзамен а (ЕГЭ), пачхьалкхан арахецаран экзамен а (ГВЭ) а товбецан (сентябрь) баттахь дIалур ю.

Пачхьалкхан жамIаш даран аттестацин хенаца цхьаьна догIуш оьрсийн меттан декъехула ЕГЭ, ГВЭ а дIалур ю товбецан беттан 5-чу дийнахь, ткъа базови тIегIанан математикехула йолу ЕГЭ а, ГВЭ а товбецан беттан 8-чу дийнахь дIалур ю. Иштта, товбецан беттан 14-чу дийнахь оьрсийн маттехула ЕГЭ а, ГВЭ а, базови тIегIанан математикин ЕГЭ а, математикин декъехула ГВЭ а дIалур ю.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса дийцарехь, товбецан баттахь экзаменаш дIаяла бакъо ю 11 класс яьккхина пачхьалкхан жамIан аттестацех чекх ца бевллачийн, лакхахь хьахийначу шина предметах цхьаъ лахарчу баллашца дIаеллачийн.
– ДIадаханчу шерийн выпускникаш а, кхушарахь аттестат схьаэцнарш а шайн баллаш лакхаяхархьама ЕГЭ дIаяларна юкъа ца бохуьйту, – хаам бира И.Тааевс.
Товбецан баттахь хин йолчу экзаменашкахь дакъалаца луучийн заявленеш хьаьттан беттан 8-чу дийнера 22-чу дийне кхаччалц схьаоьцур ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо