Могашалла Iалашъяран говзанчаш – РАНХиГС-хь

Хьаьттан беттан 1–10-чуй деношкахь Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон говзанчаша РАНХиГС-н Пачхьалкхан урхаллин лаккхарчу школехь дIахьош ду «Маьхза медицинин гIодарехь пачхьалкхан чIагIонийн программах кхеторехь проектни тIедахарх пайдаэцар» темица доьзна долу Iамораш.

Iаморийн хьалхара дакъа Къилбаседа Кавказан федеральни округан коьрта шахьар лоруш йолчу Пятигорскехь дIадаьхьира.

Говзанчашна хетарехь, билгалдаьхначу Iаморашкахь дакъалацар а, царах пайдаэцар а бахьана долуш, 2017-чу шеран могашалла Iалашъяран меттигера программа тIеэцарехь жигара дакъалаца таро хир ю церан.

Цул сов, оцу Iаморашка хьовсийна болу республикин могашалла Iалашъяран министерствон говзанчаш иштта тешна бу, шаьш цигахь гулдина долу хаарш цIахь бахархошна дарба лелорехь а пайде хирг хиларх.

Iамораш дIахьочу иттех дийнахь цигахь дакъалоцуш болу говзанчаш декхарийлахь бу медицинин декъехь долу масех декхар кхочушдан а. И декхар кхочушдарехь бина болх а, цуьнан жамIаш а довзуьйтур ду республикин куьйгаллина.

Билгалдаккха догIу, Россин Федерацин Президент волчохь йолу Халкъан бахаман а, пачхьалкхан службин а Россин академис «Экономикин кхиар а, инновацин экономика а» (Программа Россин Правительствон сацамца тIеэцна ю) цIе йолу пачхьалкхан программа кхочушъярца нийса а догIуш, 2016-чу шарахь дIахьош бу культурин а, дешаран а, могашалла Iалашъяран а дакъошкара говзанчаш Iаморан болх.

И.АДАМОВ

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: