Къилбаседа Кавказехь а, цул генна дехьа а вевзаш а, сий-ларам беш а волчу сийлахьчу эвлаяан да Киши дуьнен чу маца ваьлла билггал хууш дац. Иштта хууш дац, Къурайшин цIийнах, тIаьхьенах болу цуьнан дай вайн махка маца кхаьчна а, муха кхаьчна а. Iаьрбийн мехкашкара Кавказе схьагIоьртина болу уьш цкъа хьалха Дагестанерчу жIайхойн ярташкахь севцца. Царна юккъехь кIеззиг хан яьккхинчул тIаьхьа гIумкашна юкъахь Iийна уьш, церан мотт а Iамийна. Эххар а Нохчийчуьрчу Мелчхе схьакхелхина. Цаьрга болчу безамна а, уьш шайца Iийна хиларна а жIайхоша уьш шайх бу олура, гIумкаша уьш шайх бу олура, ткъа нохчаша – шайх. Делахь а Кишис ша Къурайшин тайпанах а, ХIашимин (гарах) цIийнах а ву олуш хилла. Iабдул-МутIалибна тIера дуьйна шен дай багарбеш а хилла: Iабдул-МутIалиб, Абу-МутIалиб, Iела, Хьусайн, Хьусайнан тIаьхьенах – ТавхIид, ГIирма, Iамази, Iимази, Акъал, Шовхал.
Ша кхиъна ваьллачул тIаьхьа Хеда ялийна Кишис. Цу шиннан ялх бер хилла, виъ кIантий (Мовсар, Висха, МоцIа, Кунта), ши йоIIий (Мата, Хьапта) хилла.
Цкъа цхьана дийнахь цаьрга цхьа хьаша веара. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, шена ламазна хIума тасар дийхира цо. Ламаз дина ваьллачул тIаьхьа Киший, хьаший къамеле велира. Иза Илсхан-Юьртара хиллера. Цуьнга Кишис хаьттира шаьш (ша а, шен доьзал а) Илсхан-Юьртарчу наха тIелоцур дарий те? – аьлла. Хьешо дош делира юьртахойх дагавала а, шайн хилла сацам Кишина хаийта а. Илсханюьртахоша, еха ойланаш ца еш, Киши а, цуьнан доьзал а шайн юьрта схьакхайкхира. Цу тайппана, кхелхина Илсхан-Юьрта схьавеара Киши.
Иза Сесанарчу Воккха-Хьаьжин (Ташу-Хьаьжин) мурд вара, чIогIа суьпа стаг вара, Далла Iамал-Iибадат лерина деш. Цо дакъалаьцна цу хенахь Кавказехь, ша аьлча Нохчийчохь а, Дагестанехь а хиллачу тIемашкахь. Цхьана тIамехь, гIазот а хилла иза. Цу хьокъехь дуьйцуш цхьа хабар ду, Хьаьжас дийцина бохуш схьадеана. Вайна а хезна иза.
… цхьана Iуьйранна тIаме ваха араволучу шен дега Кишига, иза саца а вина: «Ва Киши, Дала гIазот къобалдойла хьан!», – аьлла Кишин Кунта-Хьаьжас, иза тIаме воьдуш цул хьалха цкъа а олуш хилла доцу. И тIаме дIа а хьажийна, шен доттагIчуьнца Зайпуллица кешнийн упханашна дечиг ян хьуьнах вахана хилла эвлаяъ. Шен нене Хеде а, хьалххе дийцина хилла цо Киши тIамехь маца, мичахь декъал хир ву. Цундела и де лардеш Iаш Хеда а хилла.
ГIазотан тIамехь декъала хилла Киши, шен юьрта схьа а веана, Кунта-Хьаьжас даьхна упханаш а дохкуш, юьртарчу кешнашкахь дIавоьллира. Цуьнан боккха сий-ларам беш болчу юьртахоша, оцу кошан къуб чохь а йолуш, зерат дира. Нохчийчохь тIаьххьара тIемаш хиллачул тIаьхьа и зерат а, цунна тIедогIу некъаш а, гуонахара меттигаш а тоеш-хазъяйтира, башхачу куьце ялаяйтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Дела резахуьлда цунна!
Оцу зерате лела Нохчийчуьра а, луларчу республикашкара а къадарийн тIарикъатехь болу бусалбанаш, къаьсттина Кишин Кунта-Хьаьжин вирдехь болу мурдаш.
С.ХАСАНОВ
№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо