РабиIатан диъ хаттар

Далла Iамал-Iибадат доггаха деш хиларца ша Iаш йолчу шахьарахь дика евзаш яра РабиIат. ХIусамда кхелхина, ша цхьаъ йисина хилла иза. Цхьана дийнахь, цуьнгара пурба а даьккхина, цуьнан хIусаме веана Хьасанул-Басри эвлаяъ а, цуьнан масех накъост а. Уьш чоьхьа бевлча, кирхьа охьа а хецна, цунна тIехьа охьахиира РабиIат. Шаьш беана некъ бовзуьйтуш, эвлаяан накъостех цхьамма къамел долийра:

– РабиIат, хьан хIусамда кхелхина. Хьуо цхьаъ Iаш ю хьо. Ков-кертахь дан дезарг дукха ду… ХIусамда ца хилча йиш яц хьан…

– Бакъду иза, – элира РабиIата, – шух тIехдика хууш волчун хIусамнана хила реза хир ю со, нагахь санна цо сан деа хаттарна жоп лахь.

– Тхох тIехдика хууш верг Хьасанул-Басри ву, – элира цуьнан накъоста.

– Схьахеттал, Дала сайн ницкъ кхачийтахь, ас жоьпаш лур ду хьан хаттаршна, – Хьасана аьлча, зудчо хьалхара хаттар дира:

– Лечу хенахь сан ялар ийманчохь хир ду я дац? – Иза къайле ю. Къайле Далла бен ца хаьа, – элира Хьасана.

– Со, кхелхинчул тIаьхьа, коша чу а йиллина, Мункеро, Некиро сан барт хатта болийча, цаьршинна бакъонца жоп далалур ду соьга я дац?

– Иза а къайле ю, Дела воцчунна хаа йиш йоцуш, – элира Хьасана.

– Къематан дийнахь халкъ Маьхьшаре дIагулдича, тептарш тIе а даьхкича, соьга сан тептар аьтту агIор лур ду я аьрру агIор лур ду? – хаьттира РабиIата.

– Иза а Делан къайле ю, – элира Хьасана.

– Цхьа тоба Ялсамана чу гIуо, важа тоба Жоьжахати чу гIуо аьлла, халкъе кхайкхам бича, со муьлхачу тобанца хир ю? – хаьттира юха а РабиIата.

– Иза а ю Делан къайле, – элира Хьасанул-Басрис.

Цул тIаьхьа, кIеззиг соцунгIа а хилла, РабиIата элира, оцу беа белхан гIайгIа йолу стаг зуда яло хIунда гIерта те?..

Воьлхуш, ара а ваьлла, дIавахара Хьасан, шен накъосташца цхьаьна.

ДIаяздинарг – С.ХАМЗАТОВ

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: