Нохчийчуьра лаьмнаш толлу Россерчу блогерша

Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу Комитетехь Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу блогерийн пресс-конференци хилира. Цигахь дакъалоцуш бара Москвара, Сочера, Пятигорскера, Назранера, Соьлжа-ГIалара блогерш. Цара дийцира «Неизвестный Кавказ» проектан гурашкахь дIахьочу блог-турах лаьцна. И гIуллакх дIахьош дакъалецира Нохчийчуьрчу «Тур-экс» туроператора.

tourism-chechnya-travel-tour-to-new-place-01

Пресс-конференци дIаяьллачул тIаьхьа хьеший уггаре а хьалха Къоьзан Iома тIе бахара. Блогерша цигара дIа Хой боьду некъ юьхьарлецира. Юха Шаройн а, Итон-Кхаьллан а кIошташка кхечира уьш.

Ерриге а Къилбседа Кавказехула дIахьош ю и проект. Проектан дакъалацархой – блогераш, фотографаш, мобилографаш, видеографаш Кавказан Iаламан уггаре а хазачу меттигашкахула чекхбевлла. Ткъа Нохчийчуьрчу лаьмнашца долу некъаш хьаьттан (август) беттан 5–7-чуй деношкахь теллина цара. Иштта, хьешийн аьтто хилла нохчийн халкъан истори йовза а, архитектура а, хIолламаш а ган а.

«National Geographic» премин «Редкий кадр» номинацин толамхо а, «Неизвестный Кавказ» проектан автор а волчу Алимирзаев Муслима дийцарехь, оцу проектан коьрта Iалашо ю социальни сеташкахула, роликашца, суьрташца «Кавказехь мел хаза ду» дIагайтар.

– Ас сайна гуонаха доттагIий, дика накъостий, говзанчаш вовшахтоьхна. Баккъал а и болх безаш а, нахана и меттигаш дIагайта лууш а бу уьш. Цундела тхан болх дика дIабоьду. ХIокху турехь оха Кавказан уггаре а хаза меттигаш гойтур ю хьовсархошна, – дийцира М.Алимирзаевс. Блог-турехь дакъалоцуш 15 стаг ву. Царна юкъахь шайн белхан говзанчаш болу журналисташ а, режиссераш а бу.

– Уггаре а хьалха Кавказехь кхераме ду бохург бакъ цахилар дIагойтур ду оха хьовсархошна. Кхузахь мелхо а, тхан хьашташка леррина хьожуш а, шаьш Iаш долчуьра хаза меттигаш гойтуш, дезаш, деза хьеший дой тIеоьцу тхо бахархоша, – бохура режиссера, оператор-постановщика Матросов Александра.

Проектан дакъалацархой Дагестанехула, Нохчийчухула, ГIалгIайчухула, Къилбаседа ХIирийчоь-Аланехула, ГIебартойн-Балкхаройчухула, Кхарачойн-Чергазийчухула, Ставрополехула чекхбовла лерина бу.

Проектан суьрташ, видеокийсакаш ган луучеран аьтто бу инстаграм, ВКонтакте, Фейсбук чохь #НеизвестныйКавказ хештегца церан керланаш довза.

Хь.БАХТАЕВА

№90, еара, хьаьттан (август) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: