Россин дешаран а, Iилманан а министр Нохчийн Республикехь хилира

Хьаьттан (август) беттан 9-чу дийнахь белхан визитца Нохчийн Республике веара Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министр Ливанов Дмитрий. Соьлжа-ГIалин аэропорте хьешана дуьхьалвахара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а. Иштта, Нохчийн Республикехь хилира дешаран а, Iилманан а декъехь терго латторехула йолчу Федеральни службин куьйгалхо Кравцов Сергей а, цуьнан заместитель Музаев Анзор а.

IMG_4628

Соьлжа-ГIала схьакхаьчча, Ливанов Дмитрий а, Кравцов Сергей а Нохчийн Пачхьалкхан Университете вахара. Цигахь уьш цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительца Ахмадов ШахIидца а, иштта Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран заведенийн ректоршца Саидов Заурбекаца а, Таймасханов Хьасанца а, Халадов Хожа-Ахьмадца а. Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша бийцаре бира Нохчийн Республикехь дешаран а, Iилманан а декъехь дIахьош болу болх. Иштта хьахийра оцу декъехь Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а дешаран а, Iилманан а министерствоша зIенаш латтор кхидIа а дIадахьа дезаш хилар а.

Хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а, Россин дешаран а, Iилманан а министр Ливанов Дмитрий а, дешаран а, Iилманан а декъехь терго латторехула йолчу Федеральни службин куьйгалхо Кравцов Сергей а, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес а, дешаран а, Iилманан а декъехь терго латторехула йолчу Федеральни службин куьйгалхочун заместитель Музаев Анзор а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхара заместитель Тааев Илес а, кхиболу официальни нах а хилира Гуьмсе гIалин Дружба поселкехь 600 меттигна лерина йинчу дешаран туш схьаелларан даздаршкахь.

Дешаран туш схьаелларан маьIнечу хиламца гулбелларш декъалбира Кадыров Рамзана а, Ливанов Дмитрийс а. Цул тIаьхьа цара даздаран хьолехь цIен аса а хадийра. Юха уьш хьаьвсира дешаран туьшан чоьнашка.

Билгалдаккха деза Гуьмсе гIалин дешаран туш «2025-гIа шо кхаччалц болчу муьрана Къилбаседа Кавказан округ кхиор» пачхьалкхан программин гурашкахь йина хилар. Кхузаманан лехамашна кхоччуш жоп луш йолу гIишло ю иза. Дешаран кхерчан юккъера корпус кхаа гIаттах лаьтташ ю, ткъа важа шиъ – шина гIаттах. Цигахь ю йоккха спортан зал а, 100 меттигна столови а. Футболан йоккха майда а ю туьшан кертахь. Бераша цхьана сменехь доьшур ду, Iуьйранна бархI даьлча суьйранна ялх даллалц. Доьшучарна хIора дийнахь шозза яахIума а хир ю, иштта тайп-тайпанчу кру- жокашкахь, студешкахь, спортан секцешкахь дакъалаца таро а хир ю церан.

Гуьмсера Соьлжа-ГIала баьхкира хьеший а, официальни нах а. Ливанов Дмитрий а, Кравцов Сергей а, Музаев Анзор а, Байханов ИсмаьIал а цигахь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

I.МУРТАЗОВ

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: