Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю Исламан дуьненаюкъара конференци

Хьаьттан беттан тIаьхьарчу деношкахь Соьлжа-ГIалахь «Муьлш бу суннизмана тIаьхьабозуш берш» цIарца дIахьур йолчу Исламан дуьненаюкъарчу конференцехь дакъалоцур ду дерриге а дуьненахь бевзачу Ислам динан гIуллакххоша, шайхаша, имамаша, Iилманчаша, кхечара. Иштта хаам бина республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс инстаграмерчу шен агIонехь.

«Дерриге дуьненна а вевзачу 100 сов динан гIуллакххочо а, шайха а, имама а, Iилманчас а хаийтина вайн пачхьенехь дIаяхьа леринчу форумехь шаьш дакъалоцург хилар. ТIаьхьарчу шерашкахь бусалба нехан пачхьалкхашкахь лазаме а, ирча а хиламаш хилар алсамдаьлла. Эзарнашкахь а, миллионашкахь а леш нах бу, гIаланех саьлнаш еш ю, азаллера дуьйна истори а йолуш, Ислам дин кхолладелла а, халифат лаьттина а пачхьалкхаш йохош а, йоькъуш а ю. Вовшийн бойъуш берш бусалба хилар ма-дарра къасто деза вай. Амма церан и къиза гIуллакхаш Къуръанца а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатца а догIуш-м дац», – яздина цо.

Цо билгалдаьккхина, «Иблисан пачхьалкх» а, цуьнан могIарехь йолу кхийолу зуламе тобанаш а Малхбузенан пачхьалкхийн лерринчу службийн омранаш кхочушдеш хилар хIора а бусалба стагана хаа дезаш хилар. Цунна хетарехь, церан яккхий Iалашонаш ю: умматан барт бохор; бусалба нехан мехкийн экономика йохор; бусалба нехан барам лахбар; Ислам динан харц цIе кхоллар, иштта дIа кхин а.

«Ислам динан Iилманчаша а, Iеламнаха а шайн сацамехь билгалдаьккхина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ Къуръанца а, суннатца а нийса богIуш хилар. Цуьнан некъ АллахIан цIарца а, Цуьнан дуьхьа а долчу гIазотан некъ бу! Делан пурбанца а, Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтIахь хилар бахьана долуш а, вай толам баьккхина республикехь яьржина хиллачу дуьненаюкъарчу терроризмана а, ваххабизмана а тIехь. Тахана Нохчийчоьнан бусалба нах цхьаъ а хилла дIахIиттина. Къуръанна дуьхьал цхьа а вац кхузахь я вай хуьлуьйтур а вац. «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам латтош мел волу стаг суна турпалхо ву. Соьлжа-ГIалахь дIахьур йолчу конференцис дуккха а хаттаршна жоьпаш лур ду, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматан мостагIийн а, церан дайн а ма-ярра амал гучуйоккхур ю», – яздина Р.Кадыровс.

И.ИСЛАМОВ

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: