Л.Н.Толстойн цIарах музей – хьалхарчу меттехь

Оьрсийн яздархо, дуьненахь а боккха лерам болу литературин хазна йитина волу Толстой Лев Нохчийчохь ваьхна хилар, нохчийн мохк а, мотт а дукхабезаш стаг хилла хилар хууш ду вайна. Шелковски кIоштарчу Старогладовски кIотарахь хилла цуьнан ков-керт. Оцу хIусамах яздархочун цIарах этнографин музей йина. Тульски областан Щекински кIоштахь музей-кертахь «Ясная поляна» олучу меттехь вина а, кхиъна а ву яздархо.

музей

Музей-керто конкурсехь толам баьккхина Нохчийн Республикин Шелковски кIоштарчу Старогладовски кIотарахь Л.Н.Толстойн цIарахчу этнографин музей чохь экспозици вовшахтоха. Нохчийчохь язйина Л.Н.Толстойс шен дуьххьарлера «Детство», «Казаки» повесташ.

Вовшахтухучу экспозици-гайтамехь яздархочун Нохчийчохь дIадаханчу дахаран шерех лаьцна а, цуьнан белхашна юкъара цо Кавказехь язйинчу говзарех лаьцна а шуьйра дуьйцур ду. Тулерчу музейра муьлха экспонаташ йохьур ю Нохчийчу я уьш кхузахь гуттаренна юьтур ю я яц хууш дац цкъачунна. «Гайтаман концепцина тIехь болх беш, оьшуш долу документаш кечдеш бу «Ясная поляна» музейн белхахой» – хаам бина ТАСС-н хаамийн агентствос.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: