Школехь доьшуш йолуш, аьхкенан хенахь хIора а шарахь аьлча санна тхайн ненан ненайиша (ХIайкал) йолчу (оха, гергарчара, ХIакала олура цунах) Теркйисте хьошалгIа йоьдура со. (Дала цуьнан хан яхйойла, хIинца а йолуш ю иза). ХIуманна тIаьхьало йоцуш стаг ю ХIакала. Цо мел довдича а, цкъа а хала ца хетара суна, мелхо а, цо довдича, самукъадолура. ХIакалин йоI яцара, ткъа чохь жимма нуй-горгам дан а, цуьнан са ца гаттадалийта а олий, тхан нанас йохуьйтура со Теркйисте, чохь бераш дацахь а суна чIогIа хазахетара цига йоьдуш. Ша чIогIа самукъане ю иза.
Цхьана дийнахь Теркйистехь, ХIакалагIеран кертахь баьллаш юуш Iаш яра со. Ткъа ХIакала, даима а санна, цхьацца деш йоллуш яра. Некъал дехьа, жимачу кертахь, докъар латтадора йоккхачу стага даима а. Цу дийнахь а кертахь гIуллакх деш яра иза. Цунна гIо деш, дуо чуьра хьаьжкIаш арайохуш, дуо цIанбеш цуьнан кIентан кIант Нур-Iела а вара. Соьга ХIакалас мохь туьйхира: «ЙоI, дIаяло, дуо цIанбеш воллучу Нур-Iелина нехаш чуйохка ведар дIакховдаде». Цкъа а дуо гина а, я «дуо» дош хезна а йоцу со цецъяьлла лаьтташ яра. Цунах кхеттачу ХIакала ела а елла соьга: «дуо хIун ю ца хаьа хьуна, оьрсийн маттахь «карзинка для кукурузы» олу цунах», – элира.
Зорбане кечдинарг – З.САГАЕВА
№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо