Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правителствон Председателан заместительца Ахмадов ШахIидца а, Нажи-Юьртан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Геремеев Вахитца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дийцаре дира «Бенойн бIаьсте» фестивалана бечу кечамийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
Ахмадов ШахIида билгалдаьккхира фестивалана кечамаш баран болх хIоттийначу графикца дIахьош хилар а, фестиваль дIаяхьарна леррина кечъеш кхо майда хилар а – Бенахь а, «Шира Бена» этнографин музейхь а, Iаьшна-ТIе лома тIехь а.
«Фестивалана кечамбарехь дакъалоцуш йолу министерствош а, ведомствош а дика ларош ю. Карарчу хенахь Беной-Лома тIе хьаладовларан маршрут кечъярехь къахьоьгуш бу белхалой. Фестивалан хьалхарчу дийнахь, хьаьттан беттан 20-чу дийнахь, оцу лома тIе Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш тухур ю, – элира Ш.Ахмадовс. – Хьаьттан беттан 20-чу дийнахь этнографин «Шира Бена» музейхь «Бенойн юкъаралла нохчийн къоман исторехь а, культурехь а» цIе йолчу конкурсан а, «Синмехаллаш» телевизионни конкурс-фестивалан а жамIаш дийр ду. Хьаьттан беттан 21-чу дийнахь Бена-Веданахь фестивалан дакъалацархоша дIахьур бу 16 кепара болу халкъан къийсамаш. Делкъал тIаьхьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина говраш хахкар а дIахьур ду. Фестиваль концертан йоккхачу программица а, шатлакхца а дIаерзор ю», – билгалдаьккхира вице-премьера.
Кадыров Рамзанна хетарехь, фестивалехь дакъалаца а, хьовса а богIур болчу бахархойн баккъал а самукъадер ду.
«Нохчийн халкъан Iадаташ а, ламасташ а Iалашдаран Iалашо хIоттийна вай ваьшна хьалха. Ишттачу фестивалаша вайна оцу декъехь гIо дийр ду. Дакъалацар- хошна а, хьовсархошна а оцу де- ношкахь мел оьшуш долу хьелаш кхоллар а, церан самукъадалийтар а коьрта ду», – элира цо.
В.Геремеевс дийцира карарчу хенахь Нажи-Юьртахь дIахьочу балхах лаьцна. Цо билгалдаккхарехь, цигахь некъашна тIе асфальт йилларан а, некъан йи- стош цIанъяран а, газан а, хин а биргIанаш хийцаран а, бахархойн хIусамийн а, пачхьалкхан а, социальни а декъан гIишлойн куц-кепаш хийцаран а болх бу дIахьош.
Кадыров Рамзанна хетарехь, Нажи-Юьртан кIоштарчу ярташна хица кхачояран гIуллакхаш кхин а жигара дIадахьа дезаш ду. Цо дийцарехь, хийцамаш баран рогIера болх ТIехьа-Мартан кIоштарчу (ГаланчIожан кIошт) Нашха олу- чу меттигехь дIахьур бу.
Билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна лерина йолу «Бенойн бIаьсте» фестиваль хьаьттан беттан 20–21-чуй деношкахь дIахьуриг хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо