Кадыров Рамзан Iеламнахаца цхьаьнакхийтира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионан муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчица Шахидов Адам-Хьаьжица а, гIалийн, кIоштийн къеданашца а, маьждигийн имамашца а. Цигахь, коьртачу декъана, дийцира экстремизмана а, вахабизмана а дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а чIагIбан безаш хиларх а, кегийрхой кхетош-кхиоран болх кхин а жигарабаккха безаш хиларх а лаьцна. Р.Кадыровс билгалдаьккхира и гIуллакхаш Iеламнаха, къеданаша, маьждигийн имамаша шайн лерринчу тидамехь латтон дезаш хилар.

«Жоьжахатин оцу жIаьлеша вайн халкъана тIехь латтийна бала а, Iазап а дагадогIуш ду вай. Шайн акха зуламаш дора цара динан кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш. Вай хIаллакбина уьш, орамашца дIадаьккхина цара кху чу деана хилла зулам. Вай кхин цкъа а Нохчийчохь юкъадоккхуьйтур дац и зулам. Оцу декъехь дIабахьа безачу боккхачу балхахь къаьсттина маьIна лелон дезаш бу Iеламнах», – элира Кадыров Рамзана.

Цо тидам тIебахийтира Iеламнаха бакъдерг ма-дарра а, майрра а дIаала дезаш хиларна. Делан цIена дин а, Къуръано бохург а халкъана дIадовзийта дезаш хиларна. Исламан хьокъехь долу цIена бакъдерг хууш хила деза вайн адамаш. «Вай дицдан ца деза Iеламнах бист ца хуьлуш Iийна хиларо кIеззиг хьалха вай стенна тIедалийна. МаьI-маьIIера схьабаьхкинчу бандиташа, талорхоша Исламан хьокъехь шайна хеттарг, шайн хьашташна жоп луш дерриг дуьйцура, вайн кегийрхой Iеха а беш. И дарца церан аьтто белира шайн зуламе Iалашонаш кхочушъярна бегIийла бух кечбан», – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, къаьсттина кхераме бу, кIорггера Iилма а доцуш, Исламан маьIнанаш деш, адамашна хьалха къамелаш деш болу нах. «Интернетан а, мобильни зIенан а гIоьнца адамашна хьехамаш бар чIогIа даржийна лелаш адамаш ду, шайгахь тоъал Iилма доццушехь. Кегийрхошна и хьехамаш беш берш чIогIа дешна, цIена, доккха ийман долуш нах бу моьтту. Цаьрга леррина ладугIу кегийрхоша. Эххар а тилабеллачарах, Iехабеллачарах дIакхета уьш. Иза чIогIа кхераме хIума ду. Иза сацон деза», – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Iеламнах хаддаза Iилма Iамош, шайн хаарш к1аргдеш, тIедузуш, керланиг лохуш хила безаш хилар. Цо чIагIдарехь, цунна оьшуш долу дерриге а хьелаш Нохчийчохь кхоьллина, Ислам Iамо, довза йиш ю церан.

«Ас доьху шуьга, шайн хаарш хаддаза тIедузуш, шайна тIехь гуттар а болх бар. Иза къаьсттина хьакхалуш ду къоначарах. Имамашний, къеданашний юкъахь цу тайпанаш алссам бу. Цунна яккхий таронаш ю вай кхуллуш. Оцу Iалашонца вай хьехамаш бан, лекцеш еша вай долчу кхойкху дерриге а дуьненахь къобалбеш, дика цIе йоккхуш болу Iеламнах», – дерзийра Р.Кадыровс.

Iеламнаха дош делира экстремизмана а, вахабизмана а дуьхьал дIахьочу къийсамехь кхин а жигара дакъалаца, шайн Iилма кIаргдеш болх бан.

Д.АНАДЕВ

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: