Мотт- къоман хазна

IMG_2399

Соьлжа-Г1алин коьртачу библиотекин ешаран зала чохь д1аяьхьира  нохчийн метта денна лерина поэтически суьйре. Суьйре д1ахьош яра библиотекин белхахо Батаева Малика. Нохчийн маттахь байташ еша школера дешархой бара баьхкина. Вуно дика а йоьшура цара нохчийн маттахь. Цаьрга ладог1а а, нохчийн маттах дош ала а лерина хьаша  вара кхайкхина – вай республикехь а, арахьа а евзаш волу  яздархо поэт,  драматург Ахмадов Муса. Цо дийцира вайн меттан хазаллех, дуьненахь бевзаш болу поэташаа, 1илманчаша а иза хесторах а. Иштта зала чохь дуккха хьовсархой а бара. Цара  баркалла элира Ахмадов Мусана а, библиотекин белхахочунна а, и иштта байташ ешначу дешерхошна а. Норхчийн маттаъ хетарг а элира хьовсархоша, шайн ойланаш йовзийтира вайн мотт ца байта, т1екхуьучу кегийрхошна иза безийта. И тайпа суьйренаш кеста-кеста д1аяхьар мехала а, пайден а ду, элира Ахмадов Мусас.

ШАХГИРИЕВА Аза

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: