Вовшашца барт бина

Дешаран, культурин, кегийрхойн политикин декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана куьйгаш яздина хIокху деношкахь Нохчийн технологийн техникуман директора Гуноев ИбрахIима а, Москварчу Архитектурин а, дизайнан а, реинжениринган а колледжан структурин подразделенин куьйгалхочо Кокарев Юрийс а.

барт бина

 

Оцу бартаца нийса а догIуш, дIахьур ду кхузара студенташ, хьехархой Москварчу колледже бахийтар а, цигара студенташ, хьехархой Соьлжа-ГIаларчу техникуме хьовсор а, культурин делегацеш дIасаяхийтар а. Цуьнца цхьаьна вовшахтухур ю мастер-классаш, корматаллин говзаллехула студенташна юкъахь конкурсаш дIаяхьар, экскурсеш яр, кхидерг. Оцу декъехь болх дIаболор бу карарчу шеран товбецан бутт юккъе боьдуш.

Соьлжа-ГIаларчу техникумний, Москварчу колледжаний юкъахь цхьаьна гIуллакхаш дар дIадоладелла 2002-чу шарахь. Нохчийн халкъана хала беанчу оцу муьрехь хIетахь №304 йолчу корматаллин лицейн (цуьнан цIе тIаьхьа хийцина) директор хиллачу Кокарев Юрийс Россин Федерацин дешаран министерствехь кхоьллина хиллачу Нохчийн Республикехь дешар меттахIотторан отделе дехар дира Нохчийчуьрчу дешаран цхьаьна заведеница зIенаш тасийтар а, цхьаьнагIуллакхашдар вовшахтохийтар а доьхуш. Цуьнан дIадолор оцу ведомствон куьйгалло къобалдира.

– Дерриг дуьне а дара Нохчийчохь хуьлуш долчуьнга ладоьгIна Iаш. Гуш дара цигара хьал чолхе хилар а, адамашна гIо-накъосталла оьшуш хилар а. Ас дийхира сайна уггаре а чIогIа йохийна йолу учреждени ялар. Цу хенахь ишттаниг №2 йолу корматаллин-техникин училище хиллера. ХIинцалера Нохчийн технологийн техникум яра иза. Оха сацам бира оцу дешаран заведенин материальни бух чIагIбарехь дакъа- лаца, техникуман хьехархошца а, студенташца а юкъаметтиг лело, – дуьйцура Кокарев Юрийс.

ХIетахь дуьйна вовшашца латтош хилла зIе хIинца дикка чIагIъелла, иза доттагIалле, дикачу ламасте йирзина. Цундела бина цара вовшашца барт а. Цо таро лур ю вовшашца тасаделла доттагIалла чIагIдан а, вовшийн дика довза а. Шеко йоццуш шина а агIонна беркате хир ду вовшашца йолу юкъаметтигаш шоръяр а, чIагIъяр а.

Хь.САИДОВ

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: