Идигов ТIаусан 70 шо кхачарна лерина

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула спортан ветеран, СССР-н хьакъволу спортан мастер, Идигов ТIаус вина 70 шо кхачарна лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула схьайиллина турнир. Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикерчу ШВСМ-кара, РДЮСШ-кара, ДЮСШ-кара къона спортсменаш. Цара массара а даггара винчу денца декъалвира Идигов ТIаус.

zubayraev_11

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Дакаев Хьамзат (32 кг) – ДЮСШ №7, (тренер И.Исраилов); Газиев ИсмаьIил (35 кг) – ДЮСШ №4, (тренер Б.Тарамов); Яндаров Ильяс (38 кг) – ДЮСШ №3, (тренер С-А.Исаев); Саидов Апти (42 кг) – ДЮСШ №7, (тренер А.Магомадов); Абдулаев Ахьмад (46 кг) – ДЮСШ №7, (тренер А.Магомадов); Манцигов Турпал (120 кг) – ШВСМ, (тренер Т.Идигов).

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, мехалчу совгIаташца.

З.ШИШХАНОВА

Архивера сурт

№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: