Хьаьттан беттан шолгIачу кIирандийнахь Россехь билгалдоккху гIишлошъярхочун де. И де даздар СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо 1955-чу шеран товбецан 6-чу дийнахь юкъадаьккхина ду. Амма иза дагадеанарг Хрущев Никита хилла. Ша даржехь волчу муьрехь вахана хилла иза «Жигулевски ГЭС» ечу майдане. Оцу объектан барамо а, цигарчу белхалоша иза сихонца хьалаюттуш хиларо а ша цецваьккхина хилар а, гIишлошъярхойн сий дайта лаар а бахьана долуш юкъадаьккхина цо гIишлошъярхочун де. Тахана СССР-н хиллачу дозанашкахь вовше йозуш а йоцуш ткъех пачхьалкх ю. Амма гIишлошъярхочун де хIинца а билгалдоккху Россехь а, Украинехь а, Белорусехь а. Россин дакъа долчу Нохчийчохь гIишлошъярхочун де билгалдаккхарх а, гIишлошъяран декъехь долчу хьолах а, оцу декъехь бечу а, бан леринчу а балхах лаьцна тхоьга дийцира Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон гIишлошъяран департаментан директора Мазаев ЯрагIис.

– ЯрагIи, уггаре а хьалхара дийцахьа, хIун Iалашонаш йолуш кхоьллина а, хIун белхаш беш а ю ахь куьйгалла деш йолу департамент?
– ХIинццалц ре спубликехь гIишлошъяран декъехь масех «урхалла» а, иттанаш гIишлошъяран компанеш а яра. Уьш цхьаьнайогIуш цахиларал сов, церан тайп-тайпана «гIишлошъяран планаш» а яра. И дерриге а цхьана хорша дерзо дезаш хилар бахьана долуш, республикин хIусамийн-коммунальни бахаман министерствона реорганизаци йира. ХIинца иза Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерство ю. Ас йийцинчу «урхаллийн» буха тIехь кхоьллина хIокху министерствон гIишлошъяран департамент. Цуьнан дуккха а Iалашонаш ю: хIусамийн политикин а, гIишлошъяран а декъехь пачхьалкхан цхьаалин политика дIакхехьар; гIишлошъяран декъах хьакхалуш болу правовой бух кечбарехь дакъалацар; гIишлошъяран дакъа кхиоран агIонаш билгалъяхар; гIишлошъяран декъехь йолчу республикин а, федеральни а Iалашонан программаш кхочушъярна тIехь терго латтор; иштта дIа кхин а. Департамент деа декъе екъалуш ю: Iалашонан программаш кхолларан а, царна тIехь терго латторан а отдел; коммунальни объекташ яран отдел; хIусамийн а, социальни декъан а, промышленностан а объекташ яран отдел; гIишлошъяран декъехь мах хIотторан отдел.
– Ахь хьахийра-кх гIишлошъяран декъехь йолу Iалашонан программаш… Муьлханаш ю карарчу хенахь республикехь кхочушъеш?
– Карарчу хенахь федаральни Iалашонан программех (гIишлошъяран декъехула) республикехь кхочушъеш масех ю: «Къилбаседа Кавказан федеральни округ 2025-гIа шо кхаччалц кхиор», «Россин Къилба 2014–2020-чуй шерашкахь кхиор», «Аварийни леринчу гIишлош чуьра бахархой дIакхалхор», «ХIусам» программин «Къоначу доьзалшна хIусамаш ялар» цIе йолу подпрограмма, иштта кхиерш а. Царах уггаре мехала а, коьрта а лоруш ю 2025-гIа шо кхаччалц вайн федеральни округ кхиорна лерина йолу программа. Ткъа «Къоначу доьзалшна хIусамаш ялар» подпрограммин декъехь муха нисло?! Федеральни бюджетера доуьйтучу ахчане хьаьжжина вай и подпрограмма кхочушъеш ю. Амма цуьнца бала болуш къона доьзалш кIезиг бу.
– Аварийни леринчу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран программин хьокъехь хIун эр дара ахь? Вайна ма-хаъара, иза мелла а лазаме гIуллакх ду вайн республикехь, къаьсттина Соьлжа-ГIалахь.
– «Соьлжа-ГIала тIеман лар йоцуш» аьлла, масех шо хьалха республикин пачхьенехь гIишлошъяран а, меттахIитторан а, тояран а кампани дIаяхьар бахьана долуш, Соьлжа-ГIалин йистошкахь тахана гуш долчу суьрте кхаьчна вай. Амма цхьаболчу хьаькамаша шайх тешийна объекташ сиха чекхъяхархьама, гIишлошъяран технологеш а ца ларъеш байтина белхаш. Шина-кхаа шарахь диллина сурт санна лаьттина и гIишлош. Амма тахана, иттех шо хан дIаяьлча, оцу хIусамашкахь бехачу бахархоша орцанаш доху: пенаш лелхаш ду, баххаш чуэгаш ду я охьатеIаш ду, иштта дIа кхин а бохуш. Оцу тайпана йолу гIишлош къаьсттина дукха ю БухIан-Юьртахь а, «Ивановн городок» куьпахь а. Амма и ерриге а гIишлой аварийни ю ала бакъо ца ло тхуна зоконо. ГIишло аварийни лоруш ю, нагахь санна цуьнан бахархоша иза аварийни лара аьлла долу дIахьедарш 2012-чу шеран мангал беттан 1-ра де тIекхачале динехь. Иза федеральни зоконехь билгалъяьккхина йолу къепе ю. Иза хIоразза а бахархошна йовзуьйтуш ю, амма царах дукхахберш тхох кхеташ а, кхета гIерташ а бац. Цхьаболчарна тхо шайгара ахча дезаш ду моьтту, вукхарна тхуна шайн Iер-дахар кхерамехь хилар бен-башха дац моьтту. Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а прокуратуре арз дийр ду шаьш бохуш, кхерамаш туьйсуш берш а хуьлу. Царах а, бакъдерг дийцича, кхета мегар ду. ГIаддайна бохкуш бу уьш. Делахь а цхьа хIума ду: федеральни бюджетера даийтина ахча цахиларх а, тхан министерствон таро хуьлу цхьайолчу гIишлойн бахархой дIакхалхо а, царна керла хIусамаш яла а, ян а. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан гIоьнца до оха иза. Дала сагIа дойла оцу фондан куьйгалло а, белхахоша а мел лелош дерг!
– Республикехь масех мехала проект кхочушъяран белхаш бу дIахьош. Цигахь дакъалоцуш буй шун белхахой я говзанчаш?
– Республикехь ечу муьлххачу а объектехь дакъалоцуш хуьлу тхан белхахой я говзанчаш. Амма къаьсттина ас дозалла до, вайн говзанчаша лаьмнийн лыжийн «Ведучи» курорт ярехь къахьоьгург хиларх а, «Ахмат Тауэр» а, «Грозный Молл» ярехь хIинцале къахьоьгуш хиларх а. Цул сов, Веданан кIоштарчу «Къоьзан Iам» туристийн базана реконструкци яран шолгIа дакъа а ду кеста дIадоло дезаш. Цигахь а цхьаьна болх беш хир бу вайн говзанчаш. Иштта, суна билгалдаккха лаьа, бутт хьалха Веданан а, Шуьйтан а, Нажи-Юьртан а кIошташкахь токхамаш буьйлабалар бахьана долуш, цигарчу дуккха а бахархойн хIусамаш йохийна хилар а, церан Iер-дахаран кеп хийцина хилар а. Делахь а, Делан лаамца, нийсса шина кIиранах оцу бахархошна керла хIусамаш йира. Иза дуьненна а масал эццал хIума дара. И белхаш а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах бира. Ас баккъал а дозалла до, сан белхахоша а, говзанчаша а оцу беркатечу а, мехалчу а гIуллакхехь дакъалаьцна хиларх.
– ЯрагIи, гIишлошъярхочун денна лерина дара вайн къамел. Оцу хьокъехь хIун эр дара ахь?
– ГIишлошъярхочун де ду олий, шарахь цкъа билгалдоккху Россехь а, луларчу мехкашкахь а и де. Амма Нохчийчохь иштта хьал дац аьлла хета суна, хIунда аьлча нохчий гуттар а хилла гIишлошъярехь говза. Керла гIишло йина яьлла де – и гIишло ярехь къахьегначу белхалойн де ду. Кхин цхьа хIума а ду. Вайн мохк саьлнашка а берзийна, вайн халкъ дуьне ма-дду дIаса а даржийна кхузахь шайн бен бан гIоьртира цхьа харц тобанаш. Вай, Делан пурбанца, и харц тобанаш хIаллак а йира, цаьргара вайн мохк схьа а баьккхира, вайн халкъ цIа а дерзийра. Цул тIаьхьа меттахIоттийра вайн гIаланаш а, ярташ а. ХIинца республика денна а кхуьуш ю. Денна а цхьаъ еш ду вай. Цундела суна, вайн гIишлошъярхой дахаран бIаьхой бу аьлла хета. Дала мукъ лахь, церан гIоьнца вай вешан мохк кхин а хазбийр бу, уггаре а кхуьуш догIучу мехкийн могIаре а боккхур бу! Ткъа оцу гIуллакхна уггаре а хьалха гIишлошъярхой оьшу.
И.АДАМОВ
№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо