Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дозанал арахьа говзанчаш кечбаран программин стипендиат ву Бакаев Апти.

2009-чу шарахь Кельнерчу университетан медицинин институте деша хIоьттина иза. Хьалхарчу курсашкахь дуьйна Германерчу больницашкахь практикашка лелла иза. Цомгашчу нахана лоьралла лелийна ша практикехь волуш. Ша доьшучу хенахь, шен хан эрна ца яхийтина Аптис, медицинин массо а агIонаш теллина, уьш караерзо а ларийна. Цул сов, Iилманан проекташна тIехь болх а бина цо.
2015-чу шарахь хирургийн, терапийн, урологийн декъехула практика чекхъяьккхина А.Бакаевс.
ХIокху шеран асаран (июнь) баттахь тIаьххьарлера пачхьалкхан экзамен дIаелла Аптис. ХIинца ординатура чекхъяккха дагахь ву иза, вайн халкъана хьакъдолччу агIор пайдехь хиларан лаамца. Иштта кIентий вайн хилар боккха юьхькIам бу доьзална а, юьртана а, махкана а.
Дагадоуьйту, и программа 2009-чу шарахь дуьйна кхочушъеш хилар. ХIокху ворхI шарахь вайн республикера дуккха а студенташ бахийтина Германе деша.
Иштта, Германерчу 20 сов гIалахь доьшуш бу Нохчийчуьра студенташ. Уьш тайп-тайпана говзаллаш караерзош бу: математика, физика, хими, биологи медицинин а, биомедицинин а Iилма, архитектура, гIишлошъяр, германистика, географи, экономика, геоэкологи, латталелор, компьютерни Iилма, хаамийн технологеш, кхиерш.
Билгалдаккха догIу, и гIуллакх Германерчу академин службин юкъаметтигашкахула йолчу студенташ Iаморехь зеделларг вовшашна довзийтаран программица кхочушдеш хилар.
Хь.БАХТАЕВА
№91, еара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо