Редакцехь дIахьош яра хIора кIиранах хуьлуш йолу рогIера кхеташо. Иза чекхйолуш, гуттар а санна, белхан коллективо кIиранах бинчу белхан мах хадош, жамI деш, къамел деш вара газетан редактора Габисов Бийсолта.
– Республикин куьйгалхоша газетийн редакторех бехк баьккхина. Регионан юьртан бахамехь долчу хьолана зорбанехь хьакъ боллу тидам тIе ца бохуьйту, боху. Цхьаболчу бахамашкахь дIадийна ялташ а, хасстоьмаш а, шен хеннахь асар ца деш а, молханаш ца тухуш а, тIе къух а даьлла лаьтта. Дийцарехь, цу декъехь уггаре а ледара хьал Шелан а, Хьалха-Мартан а кIошташкарчу бахамашкахь ду. Ткъа ТIехьа-Мартан кIоштарчу цхьайолчу совхозашкахь ледара ю шекаран буракаш, – дуьйцура редактора.
– Цундела хьем ца беш, оцу кIошташкарчу цхьана бахаме а вахана, цигара материал язъян еза. Леча, редакцин юьртан бахаман отделан заведующи хиларе терра, ахь вовшахтоха деза, ала хIума доцуш, дика язйина критически статья хIокху герггарчу номершкахь зорбатоьхна, араялийтар. Иза дуьххьалдIа шайгара ледарло ялийтинчу бахамийн куьйгалхойх бехк боккхуш хилла ца Iаш, долуш долу кхачамбацарш дIадахарехь царна хьехар деш а, гIо деш а хила еза. Иза коьртаниг ду шуна… Цхьаьннан а хаттар дуй?
– И ахь боху статья язъян со хьажа мегар дарий? – хаьттира дукха хан йоццуш редакце балха веана, журналистан корматалла караерзо гIерташ, чIогIа къахьоьгуш волчу Темирсултанов Iалиса. Цуьнга а хьаьжна: – «Дера мегар ду. ХIунда ца мега иза? Хьо газетехь ерриге а теманашна язъян декхарийлахь ма ву. Цахуург, я хьо шеко йолуш верг накъосташка хатта. Леча, ахь хьайн тидаме эца статья язъяр», – элира редактора. Иштта, дуьххьара жоьпаллин гIуллакх тIедиллира Iалисана.
Оццу дийнахь Шелан кIошта командировке вахийтира иза. Цхьа-ши де даьлча, цIахь яз а йина, кийча критически статья Лечин стоьла тIе охьайиллира Iалиса. Отделан заведующис, иза еша а ешна, кега-мерса нисдарш а дина, зорбатохийта дIаелира. Ткъа редакцин белхахойн рогIерчу кхеташонехь дика ю аьлла, билгалъяьккхира Iалиса кечйина материал.
Иштта, лаккхарчу дешаран заведенехь шена деллачу хаарех а, школехь хьехархочун болх беш, IаIийначу зеделлачух а говза пайда а оьцуш, шена цахуург, керла дерг накъосташка хоттуш а, редакцин корматаллин журналистийн могIаршка хIоьттира Iалис. Ткъа уггаре а коьртаниг дара цунна кхоллараллин болх безар а, корматаллин журналист хила боккха лаам хилар а.
ТIаьхьа журналистикин ерриге а бохург санна жанрашкахь язйора Iалиса. Цуьнан къоламна муьтIахь хуьлура критически статьяш, рейдийн материалаш, репортажаш, проблемийн, публицистикин статьяш. Уггаре а мехалниг дара шена тIедиллина гIуллакх, кханене ца тоьттуш, Iалиса сихха кхочушдар. ДагадогIу суна, цхьа сиха хаам, я корреспонденци кечъеш, ша накъосташца деш долу къамел юкъах а ца доккхуш, язйора цо. Дукха сиха волуш, кехата тIехь могIа, чекхбаьлча а, хада ца луш, дехьа йистехь, язбеш, охьабоьрзура цуьнан. Амма язъеш йолу материал шен хеннахь кийча хуьлура Iалисан. Иштта, республикехь дика вевзаш а, сий-ларам беш а волу корматаллин журналист хилира цунах.
Темирсултанов Iалис оьзда стаг вара. Цунна дика хаьара накъосташца а, юххерчаьрца а гергарло лело а, ша везийта а. Муьлххачу а хенахь кийча вара оьшучунна гIо-накъосталла дан, цуьнан гIуллакхе хьажа. Цундела иза массара а сий деш а, лоруш а вара. Харцо ца езара цунна. Цо язъеш йолу материалаш а хуьлура долуш долу хьал ма-дарра гойтуш, бакъонца долчунна тIе кхийдаш. Нагахь санна критически статья кечйинехь, цу тIехь кIезиг хуьлура бехкаш дахар, алссам хьехамаш хуьлура. Уьш шайн хьокъехь язйинчарна шайна а пайдехь хилийта гIертара иза гуттар а.
Iалис вина 1948-чу шеран 10-чу апрелехь ГIиргIизойн ССР-н Фрунзенски областерчу Калинински кIоштан Калининан цIарах йолчу юьртахь. 1966-чу шарахь чекхъяьккхина Хьалха-Мартан №1 йолу юккъера школа. 1971-чу шарахь – Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт, оьрсийн мотт, литература а, нохчийн мотт, литература а корматалла а луш. 1971-чу шарера 1973-чу шаре кхаччалц Советийн Эскарехь гIуллакх дина.
Эскарера цIавеанчул тIаьхьа Шелан кIоштарчу БелгIатойрчу юккъерчу школе балха вахана. Цигахь цо берашна оьрсийн мотт, литература а, нохчийн мотт а, литература а хьийхира. Ала деза иза школехь говза хьехархо хиларца билгалваьлла хилла хилар. Цо дешархошна урокашкахь хьехна ца Iаш, дешар Iаморехь мелла а тIаьхьабуьсучаьрца урокаш чекхъевллачул тIаьхьа а занятеш дIахьош, дешарехь дика кхуьуш болчарна тIаьхьакхиабора уьш. Герггара уьйраш яра дешархойн дай-наношца, кест-кеста хуьлура церан цIахь, къаьсттина – дешарца дика ларош боцчу дешархойн хIусамашкахь. Мало ца йора белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа шен дешархошца цхьаьнакхетта, церан дуьнене хьежам шорбеш, самукъадоккхуш, болх бан а. Цундела Iалис юьртарчу школехь хилла ца Iаш, кIоштахь а вевзаш а, лоруш а хьехархо вара. Цунна тоьашалла деш ю школин а, кIоштан а куьйгалхоша цунна дукхазза а елла Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а.
1976-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха веара Iалис. 25 шо дIаделира цо журналистикина. Республикехь нохчийн халкъан мостагIаша тIом болор бахьана долуш цхьадолу газеташ арадовлар сацийча, белхан меттиг хийца дийзира. Iалиса белхаш бира «Грозненский рабочий», «Ламан аз», «Юридическая газета», «Налоговый вестник», «Вести Грозного», кхечу а газеташкахь. Ткъа шен дахаран тIаьххьарчу шарахь Соьлжа-ГIалин администрацин пресс-службехь болх бира Iалиса. Ша къахьоьгуш хиллачу ерриге а коллективашкахь Iалиса гайтира ша оьзда, тIедиллина муьлхха а гIуллакх кхочушдан хьуьнаре, жоьпалла долуш хилар.
– Оьзда стаг, тешаме накъост вара Iалис, – дуьйцу цуьнца дуккха а шерашкахь цхьаьна болх бинчу, республикин журналистикехь кхузткъа шарахь гергга болх бинчу, шен цIе дика евзаш волчу Магомаев Лечас.
– Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх шен хеннахь а, дика а кхочушдора цо. Iалис шех лаьцна дика дош ала хьакъ ву.
– Адам дезаш а, ша нахана везийта хууш а вара Iалис, – дуьйцу иштта цуьнца цхьаьна болх беш хиллачу республикин журналистикин ветерана Аболханов Хьаькама. Гуттар а велавелла, векхавелла, самукъане вара. Цуьнан дуккха а доттагIий бара. Царна виц ца ло иза. Iалиса шел тIаьхьа дика лар йитина.
Шаьш санна оьзда, хаза доьзал кхиийна Iалиса а, цуьнан хIусамнанас Заас а. Ши кIант а, ши йоI а дара церан.
Цаьрга дас-нанас дешийтира, юкъараллина пайдехь хуьлучу кепара кхетош-кхиийра, да-нана резадеш, дахарехь дIанисбелира уьш.
Нохчийчу боккха бохам беара тIамо. Iалисана гира цхьа а бехк боцчу бахархошна дуьхьал деш долу зуламаш. Цо хала лайра и харцо, тешнабехк. Оцо Iалисана дегалазам бина а ца Iаш, боккха Iаткъам бира цуьнан могашаллина а. 2001-чу шеран 17-чу мартехь кхелхира Iалис. Доккха вон деара Iалисан доьзале. ТIамах паргIатдевлла, чусадан доьлла аьлла хеттачу хенахь дIавелира хIусамда.
Амма дагахь а доцуш, керла зер тIехIоьттира Iалисан доьзална. Бандиташца хиллачу цхьана тIеман тасадаларехь декъалхилира бакъонаш ларъяран органашкахь болх беш хилла Iалисан кIант Олхазар. Цуьнан цIе Бакъонаш ларъяран органийн а, кIоштийн администрацийн а кхелхинчу белхахойн иэсан мемориальни комплексехь мокхазан тIулга тIехь дашочу элпашца дIаязйина ю. Иштта тIекIал ши бохам лан дийзира Iалисан доьзалан. Заин дог тIулган хила деза иза дерриге а ган а, лан а. Ткъа хIун ду нохчийн зударшна – оцу болатчу, хьуьнаречу къонахашна – тIехIоттаза а, Iаткъаза а. Хастам хуьлда царна!
С. МАГОМАЕВ
№91, шинара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо