БаIисан забарш

Суна тIекхаьчча…

Гаишник кхелхина. Иза дIа а воьллина, адамаш кешнашкара юхадирзича, барт хатта ши малик деана.

– Хьо хьена ву? Хьо мила ву?.. – дIадолийна цара барт хаттар.

Ша кхелхина хилар дицделлачу гаишника:

– И хIун ду аш соьга хоьттург? Схьадал цкъа шаьшшиннан кехаташ! – аьлла.

– Ахь хIун кехаташ дуьйцу? Тхо маликаш ма ду… – Суна тIекхаьчча-м дерриге а хуьлура шу маликаш, – кхета туьгуш ца хилла гаишник.

Iаббаз… чIагIвелла

– БаIис, хьан лулахочуьнгахь Iаббазехь хIун хьал ду те? Иза чIогIа цомгаш хилла бохуш ма хезна суна.

– ДIавала, Къуддуз, иза чIогIа чIагIвелла.

– Вай, иштта вуон хьал ду цуьнгахь?

– Дац, хьо ваха, данне а-м. Ца вала чIагIвелла-кх хьан накъост, – аьлла БаIиса.

Чкъургех а дац дан хIума

Шен машенна чугIерташ берш кIорда а бина, Iаббаза, яз а дина, кехат латийна аьнгали тIе: «Бензин дац, магнитофон яц, мотор йоьхна».

Машенна тIехволучу БаIисан бIаьрг кхетта оцу кехатах. Иза деша а дешна, цо буха яздина: «ХIета ахь чкъургех а дан хIума дац». Схьа а яьхна, уьш дIаяьхьна цо.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

№91, шинара, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: