Футболах ловзаран Премьер-лигин командашна юкъахь Россин Федерацехь 2016–2017-чуй шерийн муьрехь хьалхеяккхаран чемпионатан 3-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь цхьаьнакхийтира Москварчу «Локомотивца». Цхьаьнакхетар дIадаьхьира хьаьттан (август) беттан 14-чу дийнахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Ахмат-Арена» спортан комлпексан футболан майданахь.
Матчан 5-чу минотехь Иванов Олега хьешийн кевна чу гол туьйхира. Цул тIаьхьа, 35-чу минотехь, хьешийн командерчу Шкулетич Петара соьлжагIалахойн кевна чу а туьйхира гол. Серлонан табло тIехь 1:1 терахь а долуш, кхаа ловзархочунна можа карточкаш а гойтуш чекхъелира хьалхара тайм.
ШолгIачу таймехь кхин а жигара ловза буьйлабелира соьлжагIалахой. Хьовсархоша «гол еза» бохуш маьхьарий детташ, соьлжагIалахой хьешийн кевна чу гол тоха чууьдуш чекхъелира ерриге а 2-гIа тайм. Ловзаран хааршца вайчарна кхидIа дуьхьало ян шайгара гIора кхачийча, кIел когаш а туьйсуш, ловзаран къепе талхо буьйлабелира хьеший. Иза ца гуш Iаш ца хиллера суьдхой а: 62-чу минотехь Ндинга Делвинна а, 78-чу минотехь Пейчинович Неманьяна а можа карточкаш гайтира ловзаран коьртачу суьдхочо Безбородов Владислава. Билгалдаккха догIу, Пейчинович Неманьянна можа карточка шолгIа гайтина (32-чу минотехь а гайтинера) хилар бахьана долуш, иза ловзаран майданара дIаваьккхина хилар.
Делахь а, иза дIаваьккхинера аьлла а, хьешийн кевна чу кхин гол тоха аьтто ца белира соьлжагIалахойн. Цу тайппана, цхьа а команда ца тоьлаш чекхъелира матч.
Хан яьлла хиларе а (матч 20 сахьт 30 минот яьлча дIайолаеллера), арахь тIейогIуш хиларе а хьаьжна ца Iаш шина командин ловзаре хьажа веанера 14 720 хьажархо.
Шен рогIера цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» дIахьур ду хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь Башкирийчоьнан пачхьенерчу «Уфа» командица.
Карарчу хенахь Премьер-лигин турниран таблицехь 4 очко а йолуш, 10-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек». Билгалдаккха догIу, 2016–2017-чуй шерийн муьран чекхъяьллачу кхаа турехь соьлжагIалахой цкъа тоьлла а, цкъа эшна а хилар. Ткъа цхьа матч цхьа а ца тоьлаш йирзина.
И.ИСЛАМОВ
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо