Республикин чемпионат

 

Соьлжа-ГIалахь «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира паргIатчу кепара  охьатохархлатарехула Республикин чемпионат. Иза лерина яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Чемпионатехь дакъалоцуш вара вайн республикера массо а районашкара 163 латархо.

Иштта, турниран хьешашна юккъехь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха, ц1еяххана вевзаш волу тренер Багаев Дэги, парг1атчу кепара охьатохархлатарехула Россин хьакъволу тренер Хизриев Хаси, Нохчийн Республикин спортан министр Хизриев Хас-Мохьмад, вежарий ДжабраиловгIар Лукъман, Эльмарза, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Нохчийн Республикин Федерацин президент С.-Х Муртазалиев.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой: Дудаев Ислам (57 кг.) – Грозненски район; Товсултанов Аслан (61 кг.) – Курчалой; Мальцагов Юсуп (65 кг.) – Грозненски район; Масхадов Рустам (70 кг.) – Гуьмс, Тазбиев Зеламха (74 кг.) – Курчалой; Минкаилов Зеламха (86 кг.) – Аргун; Хуцаев Ислам (97 кг.) – Грозненски район; Хутаев Зелимхан (130 кг.) – ШВСЛ. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Сулейманов Iумар, Байалиев ВахIид, Муртазалиев Мухьади, Саламханов Расул, Нуцулханов Салим, Хусаинов ВахIид.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

Авторан сурт                                           

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: